Не́нан мачийн кӏа́жаш тӏе а хӏуьттуш,
Куьзганхьалха когабуьхьар хӏуьттуш,
Кепе дерза тохаделча болар,
Харц ма хуьлда, йоӏ, хьан хьайх бӏоболар.
И хьан болар чуьра а́радаьлча,
Ке́тӏа даьлла, хийистте а даьлча,
Хир ду иза хьу́на бӏаьсте йа́лар,
Кӏенташна а хир бу иза бала.
Хьо ке́тӏа́ра йолайелча дуьйна,
Цу хьан когийн татанел а тийна
Бӏаьргаш хир бу хьу́на тӏаьхьа тебаш,
Хьегам хир бу це́ран хьох, ца ӏебаш.
Ца́ра хьо дӏалоьлуьйтур йу моттахь,
Царех хьайна кхерам бац а моттахь,
Хьо къинтӏера йа хьо дохкойаккхал
Кхаъ бу хьу́на сан а хьоьга баккха:
На́нас де́на бинабо́цучеран
Къа лайначу бехказлонна къера,
Хьегна, лезна сан а дог ду хьу́на,
Хьан некъ ла́ца со а кӏант ву хьу́на.