Йе́ха йоьлхуш, къила йахча санна,
Йочана хьан тхов тӏебожо хьаьхна.
Не́хан бе́р – хьан цхьалла йекъа – цӏарна
Буьйса йаккха до́гӀур дара, дехча.
Ладарх йуьзна, тӏехъоьхур йу пхье́гӏа,
Cа́гӏин кад а хьу́на чукховдор бу.
Амма гӏайгӏа, кху тхов кӏелахь йе́харг,
Цу хьан кийрахь дӏахьулйелла къорра.
Маржа, хьо а, цуьнан лорах йахна,
Кха́чалуш йу, кӏожам санна, хебаш…
Харц дуьненах ӏехавелла, вахна
Кӏант а хир ву-кх цхьанхьа, аьхна лелаш.