Цӏа а бахана, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар дина кхара. Той дӏадирзича а, дӏавоьдуш ца хилла Мохьмад, буьйса ларйо ша, бохуш. Цу ца гучу адамо ма-аллара, и хууш волчу Мохьмада, буьйса ларъеш хилла, Мовсарна а ца хууш. Тӏаккха цӏенкъа юккъехула саьрмикан корта гучубаьлла, хьалаиккхина Мохьмада, шен тешаме тур диттина, хедийна литтанаш дина, саьрмик тӏе-кӏел охьа а биллина, цуьнан цӏийн ӏам чохь когаш а болуш, хиъна ӏаш хилла. Ха хорцуш, самаваьллачу Мовсарна гина бийна ӏуьллу саьрмик а, ӏ38 хьацар а даьлла ӏен Мохьмад а. Цунах цецваьлла Мовсар, Мохьмаде ма дарра дийца, бохуш, хеттаршка ваьлла. Мохьмадана дийца ца луъушехь, дийцийтина ма дарра. И дийцина воллушехь, Мохьмадах шагатулг а хилла, гарръаьлла, и цӏенкъа дӏакерчина.
— Сан хьоме доттагӏ, Мохьмад, хьо воцчу дуьненахь Мовсар а вехар вац, — аьлла, схьа а яьккхина, шен шаьлтанна мукъ цу тӏулга тӏе а хӏоттийна, цу тӏе вахана Мовсар.
Шагатӏулгий, шаьлтанан муккъий вовшахкхетташехь, Мохьмад денвелла. Дукха хазахетта, мараиккхина ши доттагӏ.
Мерзачу безамца, цӏеначу дагца баха хоьвшина уьш, элан Мусин йоӏаца Жовхӏарца Мовсар а, цуьнан деган доттагӏ Мохьмад а.
Ма лойла вай, кӏентий, вовшех безам ва байна.
Ма лойла вай, кӏентий, вовшех тешам ва байна.