Шолгӏачу сайрат тӏехь вехаш цӏерхазамча вара.
– Хӏай-хӏай, сан воккхавер а вогӏу! – хазхетта мохь белира цуьнга, Жимчу элах геннара дуьйна бӏаьрг кхетта.
Дозаллаш дезачу нахана мотта ма моьттий, массо стаг а шайх воккхавеш ву.
– Де дика хуьлда, – элира Жимчу эло. – И шляпа ма нисъелла ю хьан.
– Хӏара, корта таӏош, оьшуш ю суна, – кхетийра цӏерхазамчас. – Сайга цхьамма маршалла хаьттича, корта таӏо. Амма, сан дакъазалла, кхуза наггахь а стаг ца кхочу.
– И ду хӏара? – элира Жимчу эло: шега аьллачу
цхьана а хӏумнах ца кхеттера иза.
–Тӏараш тохал ахь, – элира цуьнга цӏерхазамчас.
Жимчу эло тӏараш туьйхира. Цӏерхазамчас, шляпа жимма хьала а ойуш, эссал корта таӏийра.
«Къена паччахь волчохьчул самукъне ду кхузахь-м»,– ойла хилира Жимчу элан. Тӏаккха юха а тӏараш детта волавелира. Ткъа цӏерхазамчас юх-юха а, шляпа хьала а ойуш, корта таӏабора.
Цхьана пхеа минотехь лелийра цара и кеп, юха Жимчу элана и кӏордийра.
– Ткъа и шляпа охьайожийта, хӏун дан деза? – хаьттира Жимчу эло. Амма цӏерхазамчина и дешнаш ца хезира. Дозаллаш деза нах шаьш хастош доцчу дашна къора ма хуьлу.
– Хьо боккъал а сох чӏогӏа баккхийбечу нахах вуй? – хаьттира цо Жимчу эле.
– Ткъа и муха хуьлуш ду – и воккхавер?
– Воккхавер – иза, хӏокху дуьненахь сол хаза, сол чӏогӏа кечвелла, сол хьал долуш, сол хьекъале цхьа а стаг вац аьлла, даредар ду-кх.
– Ва, кху хьан дуьненахь, хьо воцург, кхин цхьа а стаг ван а ма вац!
– Хӏетте а там бехьа сан дагна, цецвалахьа сох, воккхавехьа!
– Со воккхаве-кх хьох, – элира, белшаш а саттош, Жимчу эло, – амма цунах хьан хӏун самукъа долу?
Тӏаккха и цӏерхазамча волчуьра а ведира иза.
«Боккъал а, баккхийнаш – дан а ду чӏогӏа тамашийна къам», – аьлла, йоцца ойлаян кхиира иза, сихвелла дӏа новкъа волуш.
Цул тӏаьхьарчу сайрат тӏехь вехаш къаьркъанча вара. Иза волчохь цхьа кӏеззиг хан бен ца яьккхира Жимчу эло, амма иза а тоьира цуьнан дог доха.
Оцу сайрат тӏе хӏара кхочуш, цхьа а вистхилар доцуш, шена хьалха, эскарш санна, могӏарш дина лаьттачу дессачуй, дуьзначуй шишнийн баьрзнаш тӏе а вогӏавелла, ӏадда ӏара къаьркъанча.
– Хьо хӏун деш ву ва? – хаьттира Жимчу эло.
– Молуш ву, – цхьа дог ца догӏуш жоп делира къаьркъанчас.