– Дахар а, лелар а дацара хӏара сайниг-м. Со котамашна тӏаьхьа долу талла, адмаш талла суна тӏаьхьа довлу. Котамаш ерш а цхьаъ ю, адмаш а ду дерш а цхьаъ. Самукъдала хӏума дац хьуна. Амма ахь со карӏамийча, сан дахар, маьлхан зӏаьнарша къагийча санна, серладер дара. Кхечу эзар татанна юккъехь къаьсташ хир дара суна хьан когийн тата. Адам догӏу хезча, со хӏинца, додий, дӏалечкъа. Хьан когийн татано,
исбаьхьчу мукъамо санна, со тӏедоьхур дара, хьулделла ӏачуьра арадаьлла, со хьуна дуьхьал хьодуьйтуш. Цу тӏе, – дӏахьажахьа! Дӏо-о, кхаш тӏехь, кхиъна догӏу и кӏа гой хьуна? Со ялта дууш дац. Сан хӏун гӏуллакх ду цу кенашца. Оцу кӏен аренашка бӏаьрг кхарстийна, суна дагадан хӏума дац. Ма дош дац и! Амма и хьан дашо месаш. Мел дика хир дара, ахь со карӏамийча! И дашо кӏа тергалдеш, сан бӏаьргашна хьалха гуттар а хьан сурт лаьттар ду. Цуьнан кенаша мохехь ден шах-шах доггах дезалур ду суна...
Луьйчуьра а сецна, дехха Жимчу элан бӏаьра догӏаделла ӏийра Цхьогал. Тӏаккха цхьа чӏогӏа хьастаделира:
– Хьайн деллахь... карӏамадехьа со!
– Хаза а хеташ-м ӏамор дара, – жоп делира Жимчу эло. – Амма, дависарг, хан кӏезга ю-кх сан. Со хӏинца а доттагӏий каро безаш а, тайп-тайпана хӏумнаш довза дезаш а ву.
– Ахь карӏамийна хӏумий бен довза йиш яц хьуна,– элира Цхьогало. – Адмийн, цхьа а хӏума йовза, хӏинца хан тоьуш ца хуьлу. Шайна эшна хӏума цара туькнахь кийчча йолчуьра схьаоьцу. Амма доттагӏий бухкуш а, оьцуш а туькнаш хуьлуш ма яц, цундела хӏинца доттагӏий боцуш ду адмаш. Хьайн доттагӏ хуьлийла лаахь, со карӏамадехьа!
– Ас хӏун дан деза, хьо карӏамо?
– Уггар хьалха доккха собар долуш хила веза, – жоп делира Цхьогало. – Цкъа хьалха, жимма дӏанехьа а валий, дӏо-о, бацала, охьахаал – хӏаъ, иштта. Со кӏелдӏашхула хьоьжуш, хьо тергалвеш хир ду, амма хьо вист а ма хила. Хабарш оьшуш дац, вовшийн дог хаа, цара мелхо а новкъарло йо. Амма денна жим-жимма герга хуьлуш хаа охьа...
Шолгӏачу дийнахь Цхьогалца ша ӏийначу метте юхавеара Жима эла.