Цуьнан къайлене кечамаш денна а бахлуш бара Тӏаккха цхьана ӏуьйрана, малх схьакхеттий, кхетазий бу аьлла хетачу цхьана маьӏӏаргонехь цуьнан жаззаш схьаделладелира.
Тӏаккха, оцу маьӏӏаргонна кечлуш, оццул дукха къахьегначу цо, бага а гӏеттош, оза а делла:
– Эхӏ, – элира, – цхьа хала самдели со... Бехк ма биллалаш... со хӏинца а кечдала ца кхиъна.
Жимчу эле шен воккхавер къайла ца дахьаделира:
– Эхӏ, мел исбаьхьа а ду-кх хьо!
– Хӏа-а, боккъаллий? – дара цуьнан гӏийла-коча жоп.
– Кхин цхьана хӏуманан а тидам белаш: со малхаца цхьаьна дели дуьненчу.
Жима эла дукха сиха кхета-м, хьаха, кхийтира, и исбаьхьа хьаша шен ша-шех тоам бина хилар хьулдан гӏерташ башха ницкъ бийр болуш доций, амма и хӏумма а доцург дара, лапъаьлла хьан са лоцуш, цуьнан сел хаза хиларе хьаьжча!
Цо хьем ца беш элира:
– Хӏума кхоллу хан ю, моьтту суна. Хьо дика а вай, сан гӏайгӏа бер-кха ахь...
Жима эла, эхь хетта, воьхна хьаьвзира, хитухург схьа а лехна, зезагна шовданан хи туьйхира цо.
Кестта гучуделира и исбаьхьа зезаг вуно дегал а, дегбааме а хӏума хилар. Жима эла цӏенчу бакъонца хӏоттийнера цо. Цуьнан диъ кӏохцал дара, ткъа цхьана дийнахь цо Жимчу эле боху:
– И цӏоькъаш а схьадахкийта-кх, со кхоьруш дац хьуна церан мӏарех.
Сан сайрат тӏехь цӏоькъаш дац, – иза кхето гӏоьртира Жима эла. – Цу тӏе, цӏоькъаша буц а ца юу.
– Со буц яц, – элира зезаго гӏийлла.
– Къинтӏера далалахь...
– Хӏан-хӏа, цӏоькъаш суна кхераме дац, амма со ӏаламат чӏогӏа кхоьру чуччамехех. Кирхьа хир дацара вайн?
«Орамат чуччамехех кхерар... и ма тамашийна ду-у» – ойлайира Жимчу эло. – Хала амал а ю кху зезаган-м».
– Суьйре тӏееъча, муцӏаркуй санна, цхьа хӏума тӏейиллий, со дӏахьулделахь. Дукха шийла ю кхузахь. Чӏогӏа аьхна йоцуш планета ю. Со схьадаьллачу махкахь ...
Ша долийна къамел цо чекх ца даьккхира. Кхуза кхочуш, иза хӏу-буьртиг бен ма бацара. Кхечу дуьненех цунна хӏумма а хаа йиш яцара. Хьекъале хӏума дац ша дукха атта гучуваьн волчу меттехь аьшпаш боттар!
Заббари жимма юьхьӏаьржа хӏоьттира, тӏаккха цкъа а, шозза а яйн йовхарш туьйхира цо, мелхо а Жимчу элана, иза шена хьалха мел бехке ву дӏахоуьйтуш:
– Мича даха техьа и кирхьа а?