Цул тӏаьхьарчу сайрат тӏехь вехаш къаьркъанча вара. Иза волчохь цхьа кӏеззиг хан бен ца яьккхира Жимчу эло, амма иза а тоьира цуьнан дог доха.
Оцу сайрат тӏе хӏара кхочуш, цхьа а вистхилар доцуш, шена хьалха, эскарш санна, могӏарш дина лаьттачу дессачуй, дуьзначуй шишнийн баьрзнаш тӏе а вогӏавелла, ӏадда ӏара къаьркъанча.
– Хьо хӏун деш ву ва? – хаьттира Жимчу эло.
– Молуш ву, – цхьа дог ца догӏуш жоп делира къаьркъанчас.
– Хӏунда?
– Дицдалийта.
– Хӏун дицдалийта? – хаьттира Жимчу эло: цунна къахеттера къаьркъанчех.
– Сайна эхьхетар дицдалийта гӏерта со, – даре дира къаьркъанчас, корта а оллош.
– Стенна хета хьуна эхь? – хаьттира Жимчу эло, цунна чӏогӏа лиира оцу пекъарна гӏодан.
– Мийла хета! – элира къаьркъанчас, кхин цуьнан багара дош а ца даккхаделира кхуьнга.
Жима эла, цунах ца кхеташ, дукха цецваьлла воьхна, иза ӏадда а витна дӏавахара. «Хӏаъ, шеко йоццуш, баккхийнаш хазнехасанна чӏогӏа тамашийна къам ду», – ойлайора цо, ша новкъа воьдуш.
Йоьалгӏачу сайратан да чӏогӏа гӏуллакх-некъан стаг вара. Дукха балхана чувоьлла воллучу цо, Жима эла веъана тӏехӏоьттича, ур-аттал корта хьала а ца айбира.
– Де дика хуьлда, – элира цуьнга Жимчу эло. – Цигаьрка дӏаяйна хьан.
– Кхоъий, шиъий – пхиъ. Пхиъий, ворххӏий – шийтта. Шийттий, кхоъий – пхийтта. Де дика хуьлда. Пхийттий, ворххӏий – ткъе шиъ. Ткъе шиъий, кхин а ялххий – ткъе бархӏ. Сирник летош ӏен йиш яц. Ткъе ялххий, пхиъий – ткъе цхьайтта. Оф-ф! Дерриг а и хуьлний хьуна, – пхи бӏе цхьа миллионний ялх бӏе ткъе шиъ эзаррий ворхӏ бӏе ткъе цхьайтта.
– Пхи бӏе миллион – хӏун-стенан?
– Хӏа-а? Хьо хӏинца а кхузахь ву? Пхи бӏе миллион... Ца хаьара дера суна, и хӏун стенан хуьлу-м... Болх дукха бу ӏаламат! Со ловзаре стаг вац, къамелаш деш ӏен! Шиъий, пхиъий – ворхӏ...
– Пхи бӏе миллион – хӏун-стенан? – юха а хаьттира Жимчу эло: цкъа ша цхьа хӏума хаттахь, шена жоп даллалц ӏад ӏаш ӏедал дацара цуьнан.
Гӏуллакх-некъан стаг хьалхьаьжира.