– Иза ахь бан безачул дуккхазза а гена а... дуккхазза а хала а некъ бу...
Цхьа тамашийна дара и. Ас, жима бер санна, къевллина марвоьллинера иза, амма, цхьана бух боцчу ӏино чуийзош санна, шершшина иза сайн карара волуш хаалора суна, иза сацо сан ницкъ а бацара.
Иза, ойлане вахна, цхьанхьа генна дӏахьоьжура.
– Соьца хьан ӏахар хир ма бу. Яьшка а... Муцӏархъюллург а...
Иза сингаттаме велакъежара.
Со вехха ӏийра, иза меттаваре хьоьжуш. Юха иза меттаван вуьйлира.
– Хьо кхеравелла, сан жимниг... – хьаьстира ас иза.
Кхера а муха ца ло! Амма иза гӏийлла хезаш велавелира:
– Кхера, хьаха, лур ву со тховса сарахь...
Юха а, сан сацо гуьнахь доцу цхьа боккха бохам хила боллу-кх бохург хьаьхна, сан дог шелделира. Кхин хезар дац техьа, кхин цкъа а суна хаза доьгӏна дац техьа цуьнан и зевне велар? И велар – пана гӏамар-арахь шовданан декар дара суна.
– Сан жимниг, хьан зевнечу веларе кхин а ладегӏа лаьа суна...
Ткъа цо олу:
– Тховсалерчу буса шо дузу. Сан седа шо хьалха со охьавоьжначу меттигна нийсса тӏехула схьакхетта тховса...
– Ладогӏахьа, сан жимниг, и массо хӏума – и лаьхьа а, и седанца цхьаьнакхета везар а – и дерриге а цхьа ирча гӏан ма ду, дац тӏаккха?
Цо жоп ца делира.
– Уггар коьртаниг – бӏаьргашна ган йиш йоцург ду... – элира цо.
– Ду-те. Дера, ду...Оцу зезагца дерг санна ду и. Хьо цхьанхьа геннарчу седан тӏехь кхуьуш долу зезаг дезаш велахь, мел хаза хуьлу буьйсана стигал тергалъеш. Массо а седано хӏетахь заза доккху.
– Доккху-те. Дера, доккху... Иза оцу хица хилларг санна ма ду. Ахь суна хи малош, и хи, цхьа исбаьхьа мукъам хилла, декара, цӏийза гӏунан чкъург а, муш а бахьна долуш дара и... Дагдогӏий хьуна? Мел чомехь дара и хи.
– Дара-те. Дера, дара...
Буьйсана хьо седарчашка хьоьжур ву. Сан седа ӏаламат жима бу, иза хьуна дӏагайта а таро яц сан. И дикахо а ду. Сан седа – дуккха а долчу седарчех цхьа седа хир бу хьуна. Хьуна седарчашка хьежар дезалур ду... Уьш дерраш а хьан доттагӏий хир ду. Цу тӏе, ас хьуна цхьа совгӏат а дийр ду...
Тӏаккха иза чӏоггӏа велавелира.