– Барт хийца ца белира, – элира панарчас. – Доьхнарг и хийца цабалар ду! Сан сайрат шо шаре мел дели хьийзар сихлуш схьайогӏу, ткъа барт хьалха ма-барра бисна.
–Ткъа хӏинца хӏун дан деза? – хаьттира Жимчу эло.
– Хӏинца хӏун дийр ду! Цхьана минотехь буьззина го боккхий йолу сан сайрат цхьана сикондна а сан садаӏар ца хуьлуш. Хӏора минотехь панар дӏайойу ас, юха хьала а латайо.
– Ма хаза а ду! Делахь-хӏета, хьан де цхьана минотехь бен ца лаьтта-кх!
– Хаза хӏун ду кхузахь, – реза ца хилира панарча. – Вайша къамел дечу юкъана дийнна бутт бели.
– Дийнна бутт?!
– Хӏаа. Ткъе итт минот. Ткъе итт де. Суьйре дика хуьлда!
Цо юха а панар хьалалатийра.
Жимчу эло леррина тергалвора панарча, цуьнан бӏаьргаш чохь тӏаьхь-тӏаьхьа хазлуш вогӏура шен дашна сел тешаме и хьанал стаг. Кхин цкъа а чубузу малх гархьама, мацах-мацах гӏант цхьана меттера вукху метте дохуш шен лелар дагдеара Жимчу элана. Шен керлачу доттагӏчунна гӏодан лиира цунна чӏогӏа.
– Ладогӏахьа, – элира цо панарчига. – Суна хаьа хьуна дан дезарг: хьайна ма-лиъи, садаӏа йиш хир ю хьан...
– Со гуттар а ву садаӏа лууш, – элира панарчас.
Шен дашна тешаме а вуьсуш, стаг малонча хила а ма ю йиш.
– Хьан сайраталг вуно жима хӏума ю, – шен къамел дора Жимчу эло, – кхо гӏулч яьккхина, го тесна вала йиш ю хьан цунна. Гуттар а хьо малхехь хин волу болар эцал ахь. Хьайна садаӏа ма-лиъинехь, гуттар хьалнехьа, ирх дӏаэха... хьуна мел оьшу деха хир хьуна тӏаккха хьан де.
Дӏавала, цуьнан хӏун пайда бу, – элира панарчас, – дуьненахь суна набъярал чӏогӏа дезаш хӏума дац.
Тӏаккха хьан гӏуллакх тиша ду, – элира, цунах доглозуш, Жимчу эло.
Дера ду-кх дукха тиша-м, – тӏечагӏдира панарчас.
– Де дика хуьлда.
Юха панар дӏаяйъира.
«Хӏокху стагах, – элира ша-шега Жимчу эло, дӏаваха новкъа а волуш, – хӏокху стагах уьш бешар а бацара: паччахь а, дозалча а, гӏуллакхча а, къаьркъанча а. Амма хӏетте а, суна хетарехь, царах уггаре беламе воцург хӏара цхьаъ ву. Хӏунда ву аьлча, дуьххьалдӏа шен гӏайгӏабина, шена дезарг лехна ӏаш вац иза».
Жимчу эло доккха садаьккхира.