Сан керла хьаша, со дукха юьхьӏаьржа ца хӏоттийта делахь а, къинхетаме, кӏеда велакъежира.
– Хьуна хьайна а ма го, – элира цо, – хӏара ӏахар бац. Хӏара боккха ка бу. Хьажал цуьнан маӏашка…
Ас юха а ӏахар кхечу агӏор биллира. Амма хӏоккху суртана а иза реза ца хилира.
– Хӏара дукха къена бу. Ткъа суна дуккха а беха болу ӏахар беза.
Эццахь сан собар кхачийра – со сихха мотор вовшахъяккха езаш ма вара – тӏаккха хӏара сизаш хьаькхира ас:
– Хӏа, хӏара яьшка ю хьуна, – элира ас оцу бере. – Цу чохь бу хьуна и хьан ӏахар.
Со мел чӏогӏа цецвелира, ала аш, хӏумнах тоам хуьлуш воцу и сан экам суьдхо верриг велавелла, векхавелла дӏахӏоьттича:
– Хӏаъ, хӏаъ, ишттаниг безара-кх суна! – элира цо цхьа воккхаверца. – Хьажахьа, буц дукха-м ца юу цо?
– Хӏунда бохура ахь?
– Сан цӏахь массо а хӏума вуно кӏезга ма ду...
– Цунна тоьур ду хьуна. Ас хьуна лушберг готтар* жима ӏахар ма бу.
– Хӏаа, иштта жима а ма бац хӏара... – элира цо, корта агӏор а баьккхина, сурт тергал а деш. – Хьажахьа! Набкхетта-кх...
Жима эла вовзар иштта нисделира сан.
Со хенан жерахь ца кхийтира, иза кхуза мичара ваьлла. Жимчу эло ша ден хаттарш ӏанаоьхура, ткъа шега цхьаъ хаттахь, цунна и хезара моьттуш а вац со. Цо цхьацца дуьйцуш, ларамаза юкъаэккхачу дашах, жим-жима кхуьуш кхиира со доллучух а. Цкъа иштта, сан кеманах дуьххьара бӏаьрг ма-кхийтти (кеманан сурт дилла со гӏертар вац, сан цунах хӏета а вета а гӏуллакх хир доцу дела), цо хаьттира:
– Хӏара хӏун вилткӏоз ю?
– Хӏара вилткӏоз яц. Хӏара кема ду. Сан кема. Хӏара тӏемадолу.
Юха сайна кема лело хаарх а дийцира ас, гӏеххьа дозалла а деш. Цуьнан чӏогӏа самукъделира:
– Муха? Хьо стиглара чувоьжна?
– Хӏаъ, – элира ас, и-м башха доккха хӏума а дацара бохург санна, цхьа бен доцуш.
– И ду хаза!..
Жима эла, вахь-хьа-хьа аьлла, мохьтоьхха велавелира, сан чӏогӏа дог а датӏош: сайна хуьлу хьовзамаш беламе бохуш, хазхеташ вац-кхи со. Жимма ӏийна тӏетуьйхира цо:
– Хьо а ву-кх, хӏета, стиглара воьссина. Ткъа муьлхачу сайрат* тӏера?
И хилла-кх хӏара кхуза, хӏокху пана гӏамар-аренга кхачаран со тӏаьхьа ца кхуъу къайле! – аьлла, дагдеана, ас даррехь хаьттира: