– Миллионаш шераш ду, зезагаш тӏехь кӏохцалш дуьйлу. Миллионаш шераш ду, хӏетте а ӏахарша и зезагаш дуу. Зезагаша, и кӏохцалш хеца гӏерташ, сел чӏогӏа къа стенна хьоьгуш ду, царех хуьлуш кхин пайда бацахь, – цунах кхета гӏортар дац техьа ладам безаш гӏуллакх? ӏахарший, зезагаший гуттар а вовшашца тӏемаш бар, – вай кхета хьовса мах ца кхочуш, иштта пайда боцуш гӏуллакх ду техьа и? Оцу и цӏен юьхь йолчу стоммачу месьен арифметикал коьрта а, мехала а хила ца деза и? Хӏун хаьа, суна девзаш дуьненахь а ша цхьаъ бен доцу зезаг дуйла, иза сан сайрат тӏехь кхуьуш дуйла, ша санна дерг кхин цхьана а меттехь хила йиш йоцуш, ткъа цхьана ӏуьйрана жимчу ӏахаро баха а бахна и даахь, ша динарг шена а хӏун ду а ца хууш? И, хьоьга хаьттича, иштта маьӏне а, мехала а дац-кха?
Иза чӏогӏа кхохкийнера. Тӏаккха юха а дӏадо шен къамел:
– Хьуна дукхдезаш цхьа зезаг делахь – дуккха а миллионаш седарчех цхьанна а тӏехь ша санна дерг хила йиш йоцу цхьаъ бен доцу зезаг – и тоьуш ду хьуна, стигла хьала хьаьжча, хьуна хьо ирсе хета. Ахь хьайга олу: «Цигахь цхьанхьа дехаш сан зезаг ду...» Ткъа иза ӏахаро даахь, – иза массо а седа дӏабар санна ма ду! Иза, хьоьга хаьттича, доккха хӏума дац-кха!
Иза эххар а вист а ца хилалуш висира. Юха цӏеххьана, гӏагӏъаьлла, вилхира. Садайра. Сан болх а бисира. Суна тоххарехь йицъеллера сайна бале яьлла, гӏоза ма хиларг, гайка а, жӏов а, сайн хьогалла а, валар-висар а. Сан седанна тӏехь, сан сайрат тӏехь – Латта цӏе йолчу сан планети тӏехь воьлхуш вара Жима эла, цуьнан догъэца дезара. Ас, кара хьала а эцна, тахкийра иза. Ас цуьнга бохура: «Хьуна дукхдезачу зезагна цхьа а кхерам бац. Ас хьан ӏахарна муцӏархъюллург юьллур ю... Ас...» Суна, кхин цуьнга хӏун эр ду ца хаьара. Суна со цунна хьалха бехке а, цхьана а хӏуманна гунахь доцуш а хийтира. Муха кхайкха ас, цунна сан кхайкхар хезар долуш, цуьнан сайх дӏакъаьхкинчу синна муха тӏаьхьакхиа со? Мел тамашийна, шен къайле йовзаза бу-кх и – и бӏаьрхин мохк...