– Делахь-хӏета, сан ду-кх уьш, уьш сайн ду ала, сан хьалха хьекъал кхаьчна дела.
– И тоьуш ду?
– Ду дера. Нагахь санна цхьаннан а долахь доцу цхьа жовхӏар хьуна карадахь, иза хьан хуьлу. Нагахь санна хьуна шен цхьа а да воцу гӏайре караяхь, иза а хьан хуьлу. Нагахь санна цхьа хьекъале хӏума хьуна дуьххьара коьрта чу дагӏахь, ахь цунна патент доккху: иза хьан хуьлу. Седарчий сан долахь ду, хӏунда аьлча, сол хьалха уьш дола даха дагадеъна цхьа а да вац.
– И нийса ду, – элира Жимчу эло. – Ткъа дан хӏун до ахь царах?
– Ас царна ӏуналдо, – жоп делира гӏуллакхчас. – Ас уьш лоьру, юха а лоьру. И чӏогӏа хала болх бу. Делахь а со, ловзарш доцуш, ладаме стаг ву.
Амма Жимчу элана тоьуш дацара и жоп.
– Сан дарин йовлакх делахь, сан иза логах а дихкина, лело йиш ю, – элира цо. – Сан зезаг делахь, иза а, схьа а даьккхина, сайца дӏадахьа йиш ю сан. Хьоьга седарчий дахьалур ма дац цхьанхьа а!
– Дахьалур дац, амма соьга уьш банке охьадахкалур ду.
– Муха?
– Иштта: кехат тӏе, сайн маса седа бу, дӏаяздо. Тӏаккха и кехат яьшки чу а дуьллий, догӏа туху.
– Кхин хӏумма а ца до?
– И тоьуш ду.
«Мел хаза а ду! – ойлайира Жимчу эло. – Шеца цхьа исбаьхьалла йолуш а. Амма башха тӏаьхьало йолуш хӏума дац».
И тӏаьхьало йолчу а, йоцчу а хӏумнах болу кхетам Жимчу элан ша-тайпа бара, баккхийчеран кхетамах цуьрриг а тера боцуш.
– Сан зезаг ду, – элира цо, – цунна ас хӏора ӏуьйрана хи туху. Сан кхоъ тӏам-лам а бу, ас хӏора кӏирнах дӏацӏандо уьш. Кхоь а цӏанбо, ӏаяйнарг а тӏехь. Хьанна хаьа, цо хӏун до а. Сан тӏам-лаьмнашна а, зезагна а сан долахь хилар пайдехь ду. Амма седарчашна хьох бала-м бац цхьа а пайда...
Гӏуллакхе стаг бага гӏаьттинчохь, ала дош а ца карош, висира, ткъа Жима эла дӏавахара.
«Хӏаъ, баккхийнаш боккъал а инзаре къам ду йилбазаллех хӏума доцуш», – бохура цо ша-шега, шен новкъа воьдуш.
Пхоьалгӏачу сайрат тӏехь гуттар а чӏогӏа самукъне дара. Иза уггар жимахъерг хиллера. Панаррий, панарчий дара дерриге цу тӏе тарделла хӏума. Жима эла мел кхета гӏортарх а ца кхеташ висира, цхьа хӏусам а, вехаш стаг а воцчу, цхьанхьа стиглан паналлехь яйна лаьттачу оцу сайраталг тӏехь стенна оьшуш ду панар а, панарча а. Цо ойлайора: