Иштта, эххар а иза тӏевоьссина ворхӏалгӏа сайрат Латта дара.
Мух-мухха а сайрат яц латта! Цу тӏехь охьавагарван бӏе цхьайтта паччахь а (негрех берш а тӏехь), ворхӏ эзар географ а, исс бӏе эзар гӏуллакхча а, ворхӏ миллион ахмиллион къаьркъанча а, кхо бӏе цхьайтта миллион цӏерхазамча а – верриг а ши миллиард гергга кхена* стаг ву.
Латта мел доккха ду шу дикка кхетийта, деккъа цхьа хӏума эр ду ас, масала, электрон юкъаялале ялхе а континента тӏехь панарчийн дийнна эскар латто дезаш хилла – виъ бӏе кхузткъе ши эзар пхи бӏе цхьайтта
Юьстах а ваьлла хьо дӏахьаьжча, цхьа исбаьхьа спектакль хилла хьан бӏаьргашна хьалха схьахӏуттург. Цу эскарна юкъавогӏучу хӏора стеган ког-куьг хьадар, меттахвалар чӏархъаьлла цхьана эшарехь нислуш хилла, ша балетехь санна.
Хьалха юкъабовлуш хилла Керлачу Зеландин, Австралин панарчаш. Шайн цӏерш хьала а латайой, уьш бийша дӏабоьлхуш хилла.
Царна тӏаьхьа рагӏ Чин пачхьалкхан* панарчашка кхочуш хилла. Шайн хелхардина бевллачул тӏаьхьа кирхьана тӏехьа къайлабовлуш хилла уьш. Тӏаккха тӏекхочуш хилла Россерчуй, Индерчуй панарчийн рагӏ. Тӏаккха – Африкерчуй, Европерчуй. Цул тӏаьхьа Къилба – ӏамаркерчу. Цул тӏаьхьа – Къилбседа ӏамаркерчу. Уьш цкъа а гӏалат бовлуш а ца хилла, шен хеннахь бен цхьа а сцени тӏе волуш а ца хилла. Цӏенна бакъ долуш, цхьа безамехь сурт хилла и.
Ноьврерчу* полюсехь цхьаъ бен йоцу панар лато езачу панарчанний, къилберчу полюсехь нийсса цунна дуьхьал нисвеллачу панарчанний – деккъа цу шиннан дахар хилла дукха атта а, гӏайгӏа боцуш а: шаррахь цкъа шайн и гӏуллакх кхочушдичхьана, волуш хилла и шиъ.