– Хӏора стеган а шен-шен ду седарчий. Бевлла лелачу нахана цара некъ хьоьху. Вукхарна еккъа стиглахь йогу кегий цӏерш ю уьш. ӏилманчашна – кхочушдан дезаш цхьа хьесап ду. Ас вийцинчу гӏуллакхчина – уьш деши дара. Цу массо нахана гергахь, седарчий мотт ца хууш ду. Амма хьан седарчий ша-тайпа хир ду...
– Муха?
– Хьо стигла хьалахьожур ву, ткъа цигахь схьагучу седарчашлахь цхьа седа хир бу, сайн веларца со вехаш, – тӏаккха хьуна массо а седа боьлуш хезар ду. Хьан седарчий дела хууш хир ду! Юха иза ша а велавелира.
– Мацца а хьайн сингаттамах хьо вирзина ваьлча (гуттар а сагатдина ма ца волу), хьо воккхавеш хир ву, мацах цкъа со хьайна вевзаш хилла. Хьо гуттаренна а сан доттагӏ хилла вуьсур ву. Хьуна а луур ду соьца цхьаьна вела. Хийлазза ахь иштта кор дӏадоьллур ду, хьан дагна цхьа кхоэ хир ду и... Стигла хьала а хьаьжна хьо велавелча, хьан доттагӏий цецбевр бу.
Ахь цаьрга эр ду: «Тӏаккха, ткъа, стигла хьалахьаьжча, со гуттар а хуьлу вела дог догӏуш!» Царна хьо тилла моьттур ду. Ас и дика болх бийр бу-кх хьуна, хьуна мухха хетахь а...
Иза юха а чӏоггӏа велавелира.
– Седарчий даларна метта, деларца декачу горгалийн дийнна жатташ ас хьуна далар санна хир ду и...
Иза юха а велавелира. Цул тӏаьхьа воьлучуьра сецца, гӏийлачу озехь хьаставелира иза:
– Хьажахьа... тховса... хьо тховса кхуза ца веъча, дика хир дара.
– Ас хьо хьо вуьтур вац.
– Хьуна со лазво моьттур ду... со леш ву а моьттур ду. Иза иштта хуьлуш ду. Ма волахьа, ца оьшу хьуна.
– Ас хьо хьо вуьтур вац. Амма цуьнан са дууш цхьа хӏума хилар гуш дара.
– Хьажахьа... суна и лаьхьа а дагахь бу, – элира цо эххар а. – Цо хьо лацахь, хӏун дийр ду вай... Лаьхьарчий сийдоцуш ма ду. Цхьаъ лацар царна синкъерам бу.
– Ас хьо хьо вуьтур вац .
Юха цӏеххьана цхьа сапаргӏатделира цуьнан:
– Бакъдерг аьлча, шиъ къовзо дӏовш тоьур-м дац цунна...
Цу буса иза дӏавоьдуш, суна ца хиира. Суна тусса ца долуьйтуш, сан бӏаьргъӏуналлера вала хиира цунна. Эххар а хьаьдда со тӏаьхьакхиъча, чехкачу боларехь хецавелла воьдуш вара иза.
– Хӏа-а, хьо ву иза... – алар доцург, цо кхин хӏумма а ца элира.
Тӏаккха сан куьг схьалецира. Цуьнгахь цхьа бала бара.