Цхьа зуда хилла хьуьнчухула болчу гӏашлойн новкъа шен кӏант а эцна децӏа йоьдуш.
Цхьа ча дуьхьалъяьлла цунна.
— Дӏаяхийтахьара ахьа со! — аьлла зудчо чане.
— Йохуьйтур яц аса, — аьлла, корта а лестош, тӏекхетта схьа-лаьцна, ги а тоьхна, варшахула бердаш тӏоьхула бигина, цхьана хари чу тийсина чано уьш. Кӏантана «Ченлерг», аьлла, цӏе тиллина чано. Хӏор денна, багахь жижиг а кхоьхьуш, кхобуш хилла чано нана а, кӏант а.
— И вайна багахь жижиг кхоьхьуш, биъ ког, даккхий лергаш долуш, вайн цӏа чу оьхург хӏун ю? — аьлла, хаьттина Ченлерго шен нене, ша когавоьлла, мотт а ӏемина, воккха хилча.
— Хьан да ву иза, — аьлла забарина нанас.
— Да хуьлу жӏаьлин санна биъ ког а болуш, даккхий лергаш а долуш?! Вац иза сан да, — аьлла Ченлерга.
— Со децӏа йоьдуш йолуш, нуьцкъах, ги а тоьхна, ялийна цо, хьо а карахь. Хӏетахь дуьйна цхьаьна дехаш ду вай хӏокху чохь, — аьлла нанас.
— Аса и ча йийча, цӏа яха хуур дарий хьуна? — аьлла, хаьттина Ченлерга.
— Хуур дара суна, — нанас аьлча, ча йогӏу йоллучу, дуьхьал а вахана, кулла тӏехьа дӏалечкъина ӏаш хилла кӏант. Еана схьакхаьчна ча, багахь жижиг а дахьаш. Кулла тӏехьара схьаиккхина, диг тоьхна, охьайиллина Ченлерга ча.
Тӏаккха шен нана а эцна, цӏа а веана, цӏахь вехаш ӏаш хилла кӏант. Бераша «Ченлерг»
бохуш, тӏехбеттамаш беш хилла цунна.
— Нагахь со дарлахь, аса хӏара юрт ерриг хӏаллакйийр ю. Шуна бохам бан ца лаьа суна.
Со ца ӏа шуна юккъехь. Со дӏавоьду. Шу марша ӏойла! — юьртан тхьамданашка а аьлла, цхьана йоккхачу хьуьнчухула дӏавахана Ченлерг.
Хьуьнчухула дӏаоьхуш, оьхуш, дуккха а гена ваьлча, цхьана хьалдолчу элана тӏе кхаьчна кӏант.
— Белхало оьций ахьа? — аьлла хаьттина цуьнга Ченлерга.
— Ял мел йоккху ахьа? — аьлла эло.
— Яа сискал а, тӏейоха бедар а хилчахьана, тоьар ду суна-м,—аьлла, жоп делла Ченлерга.
— Схьавола,—аьлла, керта вигина цо кӏант. Дукха хан ялале, эло аьлла:
— Ченлерг, дечиг кхачийна, вайна дечиге гӏахьара хьо. Дӏо, божли чохь стерчий а, арахь ворда а ю хьуна, хӏара аса а ю хьуна.
— Дера гӏур ву-кх. Ахьа аьлларг даза вер вуй со? — аьлла, дечиге вахана Ченлерг.