Ша юьрта юккъе кхаьчча, цхьаннан керт-ков отуш, вукхуьнан божлин маьӏиг харцош, элан керта оьзна Ченлерга дечиг.
— Ва эла! — аьлла, кхайкхина Ченлерг.
— Ва-вай! — аьлла, корехула арахьаьжна эла.
— Аса деа хьуна дечиг, ахьа хӏинца даккха хьайна, — аьлла кӏанта.
Эла чӏогӏа цецваьлла. Ченлерг иштта нуьцкъала стаг вуй а хиъна, и кхеравелла.
— Ма нуьцкъала стаг ву хӏара, хӏокхо-м, ша дарлахь, шайоллу юрт а хӏаллакйийр ма ю, — аьлла, хӏара вен дарбанаш лаха араваьлла эла.
Шен говра тӏе а хиъна, шен шед мел кхочучухула волавелла нахе хаттарх, цхьанна а хиина дац, Ченлерг вуьйр волу дарба. Иаьххьара а, эвла йисттехь ехаш йолчу цхьана ӏӏ6 Жоьра-Бабас аьлла эле:
— Дӏо гучу лома тӏехьа цхьа саьрмик бу хьуна, цу саьрмикехь хьайн ши шай декхар ду, алий, и деха вахийта Ченлерг. Оцу саьрмико юхавоуьйтур вац хьуна иза.
Тӏаккха эло, цӏа а веана, Ченлерге аьлла:
— Ченлерг, дӏо гучу лома тӏехьа болчу саьрмикехь ши шай декхар ду сан, и дехна вагӏахьара хьо.
— Дера вогӏур ву-кх. Ахьа аьлларг даза вер вуй со?! — аьлла, Ченлерг араваьлла, саьрмик болчу вахана.
Ченлерг лам тӏе ваьлча, дечиг дахьаш цхьа стаг а карийна, цунна тӏе вахана:
— Ассалам ӏалейкум! — аьлла, салам делла Ченлерга.
— Ва ӏалейкум салом! Ахьа хӏун леладо, мехкан воцу хьаша? — аьлла, хаьттина воккхачу стага.
Шега дечу хаттарна жоп а ца луш:
— И дӏо-о гуш болу боьра, хӏун боьра бу? — аьлла, хаьттина Ченлерга.
— Иза саьрмикан бен бу, — аьлла, жоп делла воккхачу стага.
— Ткъа дӏо гуш йолу сийна меттиг, хӏун меттиг ю? — хаьттина кӏанта.
— Иза саьрмик чохь болу ӏам бу, — аьлла воккхачу стага.
— Ткъа хьун санна гуш ерг хӏун ю?
— Цу саьрмикан кхес ю.
— Ткъа дӏо гуш йолу цӏе, хӏун цӏе ю?
— Цу саьрмико цергаш вовшах хьакхийча, туьйсуш долу суйнаш ду. Воккхачу стаге:
— Дела реза хуьлда хьуна, — аьлла, Ченлерг боьра чу вахана, саьрмик болчу.
— Хӏей, саьрмик! — мохь тоьхна Ченлерга.
— Хӏун бах ахьа! — аьлла, бистхилла саьрмик.
— Хьуна тӏехь шен ши шай ду бохура эло, иза схьада ваийтина со, — аьлла кӏанта.
— Дӏавала, кӏант! Хьаша ву, аьлла, вуьту аса хьо. Хьаша вацахьара, хуур дара хьуна! — аьлла саьрмико.
— Аса хьоьга и ца дуьйцу, схьалой бала чехкка ши шай! — аьлла, тӏечоьвхина Ченлерг.