суна йеттар. ЦІенош дагийча-м, цхьа хӏума а дара.
– Цкъачунна рагӏ йагор вайша.
– Ахь-м йац.
Цецваьлла Эламирза кхоссавелла охьахиира.
– Сох ца теша хьо?
– Теша. Гучувалахь, Аьрсамирзина бохам хир бу.
– Хьо?
– Сан да вац. – Мохьмада доккха садаьккхира. – Нанна хӏумма а дийр дац ӏедало.
Эламирза, коьрта кӏел куьйгаш дохкуш, йуха а аркъал охьавижира.
– Хӏета, со доттагӏ ца хета-кх хьуна…
– Хьо ца вуьйцу ас. Хьан да вуьйцу. Иза лацахь, аш хӏун дан деза? Йалх беро…
– Ас Чӏонакъин рагӏ ца йагийча а, лоцур ма ву сан да. Йа тӏамехь вуьйр ву, ца вуьйш висахь, Сибрех вохуьйтур ву. Хьуна-м, тӏара тохар бен, хӏумма а ца дина Чӏонакъас. Тхан цӏенош дагош, салташна хьалхаваьлла веанарг иза вара. ЧІонакъех бекхам эцна ӏийр вац со: Товсолтех а, Пантех а, Инарлех а оьцур бу. Роггӏана. Маца воьду вайша дукъа?
– Ойла а йина.
– ӏумар муха Іа?
– Гӏоли йу цунна-м.
Цӏеххьана стигал кхола йуьйлира. Бердан лакхенгахь маьхьарий хьоькху мерцхалдигаш харанашка лечкъа дуьйлира.
– Догӏа делха доллу, – элира Мохьмада, къилбехьа а хьаьжна. – ЦІа гӏой вайша?
Жимма хи чу а кирчина, хьалаваьлла ши кӏант бедарш тӏейуха хӏоьттира. Ма-аьлла тӏе ца йоьлхура бедарш. Эламирзас хечи чу боьллина ког гола баьттӏачухула арабелира. Мохьмадан куьйгаш а ца доьлхура пхьуьйша чухула дӏа. Беламна санна, пхьуьйшаш эттӏачухула чекхдуьйлура уьш а.
– Акхтин бӏона тӏаьхьа гӏой вайша? – элира Эламирзас, хечин дехачу хуьнжарх къевллина шалха шад а беш.
– Дӏавала! Вайша вуьту цара шайца? Ӏаьлбаг волчу вахча-м, цхьа хӏума а дара.
– Цуьнца а ву-кх Къайсар а, Коьра а. Ӏумма волчу вахча?
– Генахь ву иза. Цабевзачара кхин а сиха эккхор ву.
Хазза малх мархашлахь къайлабала а кхиале, догӏанан тӏадамаш эга дуьйлира. Догӏа кестта соцург цахиларан билгало йара дукъа тӏехула схьагӏерта ӏаьржа йаккхий мархаш.
– Тховса гӏуллакх хир дац вайшиннан.
– Стенах?
– Рагӏ йагорах. Дика йогур ма йац иза.
– Кхана сарахь йаго ца мега?
– Дера, мега лама а-м. Цо арале, кхиийчхьана. Хӏинца чехка цӏехьа йум йан йеза. Лам тӏехь догӏа дилхинехь, дистина догӏур ду Яьсси.
Гоьлел лаккха бохуш хечин когаш хьала а бина, йуьрта хьала йорт ийцира шина кӏанта.