Гатийуьртахойн маьждиг дина дукха хан йац. Хортӏас а, Товсолтас а цхьанхьа-м карийна балийначу гӏажарийн пхьераша дина иза хӏокху Нохчмахкахь уггар хазачех цхьаъ ду. БеакӀов цостуш тобинчу гӏайракхан тӏулгех доьттина шовзткъа аьрша деха, шийтта аьрша шуьйра, барх аьрша лекха. Аьтту агӏор лаьттара хьалайоьттинчу бархӏ са болчу момсаран горга, ира бухь лакха стигала а богӏабелла лаьтта. Стаммийчу эчиган серех бустамаш дохуш, гонаха йина зӏарийн керт а ца кхиъна мекха лаца.
Кертал чоьхьа дийгӏина баьллийн, хьечийн дитташ, хӏинцца га даржийна, гӏеметта хӏиттина. Наха леррина ӏалашбо царна кӏелхьара сийна бай. Цига жӏаьла, котам, бежана а ца долуьйту. Стаг а ца волу оцу тӏе мачаш а цӏанйой бен.
Гати-Юьртана йуккъехь лаьтта рузбанан маьждиг. Цунна хьалхарчу майданара дӏасадоьлху йа кхузахь цхьаьнакхета йуьртан коьрта урамаш. Йуьртан йохалла чекхболу шиъ а, дукъа хьалабоьдург а, Яьсси чу буссург а.
Оцу массо урамашкахула йа цхьацца-шишша, йа тобанашца гучубуьйлу рузбане богӏу нах. Хӏор а кечвелла шен ницкъе, тароне хьаьжжина. Хӏара де, йогу куьрк санна, къовкъаме делахь а, царна тӏехь гӏовталш, чоэш, месала куйнаш ду. Ченех къехкош, хьала а карчийна, доьхкарех доьхкина чоийн тӏемаш. Чухула ган мелла а цӏена коч, гӏовтал йолчара гоьллелц хьалакарчийна чоийн пхьуьйшаш а.
Ӏасанашна тӏе а тийжаш, схьаоьху баккхий нах. Тахана кӏезиг гулло адам. Йуьртара ах сов нах бац. Іаьлбагна тӏаьхьа а бахана, амалтана а бигна. Сибрех а хьийсийна. КІентий ӏедална хьалха бехке хилла цхьацца къенаниш, хӏара дарц дӏателлац аьлла, гена йарташкахь левчкъина.
Цкъа а рузбане ца богӏучу кегийрхойх болу нах а баьхкина тахана. Товсолта-Хьаьжас цхьа керла хьехам бийр бу, боху. ХІокху кӏиран чохь Соьлжа-Гӏаларчу хьаькамо Шела гулбинера Нохчмехкан цхьайолчу йартийн молланаш. Цигахь вовшех дагабевллачух тера ду хьаькамаш а, динан дай а, совдегарш а. Шайн моллас хӏун олу хьовса, гӏуллакх дерг а, доцург а вогӏу тахана.
Рузба схьаделла сахьт гергга хан йу. Хӏетте а, хьалххе баьхкина нах. Далла хьалха хӏиттале а, тӏаьхьа а дийца дуккха а гӏуллакхаш ма ду церан. Хӏокху аьхка белхан хенахь, атталла суьйранна а пхьоьха кӏезиг хуьлу. Цундела доггах гулло рузбане.