И мохь бетташ, цхьа го а баьхьна, кара шай а делла, кӏант дӏахийцира цо.
– Гора, борз, йаӏ! И ши бӏаьрг хӏунда хьаббира ахь? – хьийзо волийра иза, хӏара шен нуьйра тарвелла а валале.
– Бӏагор беанера суна…
– Хьий, йоӏ!
– Кхин гӏоцӏа боццушехь, вара хьо Хортӏин ӏабдина хьалха гӏерташ?
– Хьовсийша, хьовсийша! – мохь белира ӏусманан.
– Хӏун хилла?
– Муьша тӏе!
Кара лаьцна буткъа гӏуркх болуш, шалго йуккъе хӏоьттина лаьттара шийтта-кхойтта шо хенара йоӏ.
Хӏун дара а хаац, и жима йоӏ гича, схьаэккха санна, тохаделира Мохьмадан дог. Балдаш делладеллачохь севццера, бӏаьргаш йоӏана тӏебогӏабеллачуьра дӏабовла ца туьгура. Кӏанта шен дагахь хьоьстура хӏетта йахйала йоьлла цуьнан ӏаьржачу месийн йуькъа ши чӏаба а, бӏаьстенан цӏеначу хӏонехь йогу ховха беснеш а, ӏаьржачу бӏаьргашна тӏехула хьаргӏанан тӏамарш даржийна, айаделла цІоцкъамаш а.
Йоьӏан хьуьнарех цецбуьйлуш, дайн маьхьарий а, лохха шакарш а йеттара, даккхий синош дохура уллохь лаьттачу баккхийчара. Амма Мохьмадна ца гора йоӏа муьша тӏехь лелориг. Иза оцу жимачу йоьӏан йийсарехь вара.
Майданан цхьана маьӏӏехь лохха йевлла гӏовгӏанаш, хин тулгӏе санна, йаьржира сила долчу адамашна йуккъехула.
– Богӏуш бу! Богӏуш бу!
Массеран бӏаьргаш дӏахьаьвсира йуьртара схьа варша йуккъехула кху майдана богӏучу новкъа. Цигахула гучуйелира дошлойн жима ковра.
– Муьлха ву царах эла Авалу?
– И дӏо расха говрара тӏапа куй берг.
– Цунна уллорниг?
– Ойшин Чомакх!
– Хьа, даьдиса оцу берзан!
– ӏедалций, нахаций тарвала гӏерта.
– Ледара вац Чомакх.
– Хуур ду-кх, цхьаъ тӏедеача.
– Цунна тӏаьхьа вогӏу жима стаг?
– Бенойн Элби.
– Ткъа важа кӏайн маж йерг?
– Иза нажийуьртахойн йуьртда Шахьболат ву-кх.
– Момин Хьоту ма вусавелла!
– Ма цхьаьна а кхетта!
– Сагӏадоьхурган ахьарш санна!
Хьеший лоруш, дӏасахиллачу адамаша хьовса аьтто боллучуьра меттиг битира царна.
Цхьана минотана йаьлла гӏовгӏа дӏатийра. Адамийн хьажар йуха а тӏедирзира муьша тӏехь ловзучу жимачу йоӏана.
Россин импери чохь дехачу къаьмнаш тӏехь шен колониальни ӏедал а, политика а хӏор а къоман амалшкий, гӏиллакхашкий, цуьнгара шена кхерамаллей, кхерамазаллей хьаьжжина леладо паччахьан правительствос.