Хӏокху Кавказан ӏедалан коьрте шен ницкъ кхочуш кавказхо а, ткъа меттигерчу къаьмнийн коьрте оцу къаьмнех стаг а ца вохуьйту цо.
Россия «къаьмнийн набахти» йара, хӏор а халкъана шена-шена камера а йолуш. Амма царна чохь баллочу тутмакхашна тӏехь латто тергам цхьатера бацара. Иза а бара тутмакхех даьллачу зуламе, цаьрга болчу тешаме хьаьжжина. Цхьайолу «камераш» тоьхна догӏа а доцуш, ха деш стаг воцуш хуьлура, цхьаболчарна масех «камера» ларйан цхьа хехо хӏоттавора, ткъа хӏокху нохчийн халкъан камеран, масех догӏа а тоьхна, масех гӏуй, зайл а боьллина, диллина дӏа латтош чӏогӏа, сема ха ду. Кху лаьмнашкахь дехачу къаьмнех барамехь уггар доккха а, шатайпа лакхара демократически йукъараллина дӏахӏоттам болуш, шена тӏехь цхьаннен а олалла ца лайна, йа лан ойла а йоцуш маьрша даьхначу хӏокху къармазечу нохчийн халкъо, Кавказ дӏалоцуш йеха а, уггар луьра а, буьрса а дуьхьало йинера Россина. Цо и дуьхьало ца сацайо нийсса бӏе шо ду. Къарделла саца ойла а йац. Хӏара халкъ зуламхо-рецидивист ду. Шена тӏехь шатайпа тергам, ӏедал, таӏзар латто дезаш. И декхарш кхузахь кхиамца кхочушдора правительствос. Халкъан маршонехьа къийсам хьоьшура акхачу къизаллица. Иза а дора колониально-интернациональни политикица. Оьрсийн эскаршна гӏо дора гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн, дагестанхойн, хӏирийн, гӏалмакхойн, хӏокху нохчийн шайн вежарех, гӏалгӏайх халкъех схьайевллачу цхьакӏеззигчу йовсарийн гӏоьнца. Шен маршонехьа къийсам латто хӏара нохчий хӏаллакбеш, церан йарташ, йалташ, хьаннаш бошмаш йагош, зударий, бераш, къена нах а махках бохуш, уьш Сибрех, Хонкара а дӏахьийсош.
И гӏуллакх ӏаламат хӏиллане долийра ӏедало. Нохчийчохь шен къиза тӏеман-колониальни политика гондӏарчу къаьмнийн векалийн куьйгашца кхочушйора правительствос. Ткъа оцу кӏеззигчу векалшка болу цабезам уьш схьабевллачу къаьмнашна тӏе а баьржина. Ламанан халкъашна йуккъехь мостагӏалла кхуллура, цаьрга вовшийн хьоьшуьйтура, шайна тӏехь латточу къизаллина, харцонашна дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхетарна йоккха новкъарло йора, къаьсттина а хӏара нохчийн халкъ, кхечарех дӏакъастадой, цхьалха дуьтура.