баккъаш а тоьхна, таррашца сецабора цара, гобина, цхьамзанашца чукхиссало салтий. Дарделлачу цӏоькъалоьмах тера вара ӏаьлбаг цу миноташкахь. Доллучул сингаттам бинера цунна лакха тӏехь хӏун ду цахааро. Массанхьа бекъабелла летара цуьнан вежарий ӏала-Мохьмад, ӏеламха, ӏарапха, Султӏи. Іаьлбагна уллора ца волуш, летара дейтта шо хенара Зеламха. Пхьаьрсах чов хилла иза букъа тӏехьа а лоьцуш, лета ӏаьлбаг. Вукху вежарех хӏун хилла ца хаьа. Хӏинцале цуьнан бӏаьргашна хьалха воьжнера Симсарара цуьнан бераллин доттагӏ ӏела а, ден вешин кӏант Сурхо а. Аьрру пхьаьрсана чов хилла Зеламха а ма-хуьллу вешина гӏо дан гӏертара. Латар гуттар хьерадаьллачу хенахь хезира Акхтин а, Раджаб-ӏелин а кхайкхаме маьхьарий. Сих-сиха ӏаьлбага ладугӏура Солтмурд схьакхачаре. Вуьшта, хӏинца схьакхаьчча а, цуьнгара хила аьтто-м бацара. Мостагӏчунна тӏехьашха тӏелата дагадагӏахьара цунна. Амма Симсарахьара схьа а, мостагӏчун букъа тӏехьа а топ йолу ца хезара.
Дийна дуьсур ду бохург хьехочохь а дацара. Хӏинца хӏораммо а чӏагӏо йинера шайн синош ма-хуьллу безачу мехах дӏадала. Иштта гатте берзийна, тӏамца лакха тӏера охьабуьйлу Коьрин отрядах дийна бисинарш хӏокхарех схьакхетча, гӏовттамхойн аьтто нисбелира го хадо.
– Боьра йухадовла! Боьра йухадовла! – шозза мохь туьйхира Іаьлбага. – Массаьрга а хаам бе, боьра йухадовла алий!..
Бода боьлла дуккха а хан йара. Хӏетта кхеттачу батто серладаьхнера лаьмнийн баххьаш. Амма лаха чоь йукъахьарчийнера сирачу дахкаро. Цхьа бӏе гӏулч охьабовла аьтто хилча, кӏелхьарбовлура гӏовттамхой. Царна, пхи пӏелг санна, шера бевзара кхузара массо гӏашнекъ, боьра, кӏаг. Елисей коьртехь берданкашца кечвелла ткъех стаг вара йухабуьйлучу гӏовттамхойн тӏаьхье къовлуш. Вийначу салтичун топ а, гӏап а карайеанчу Михаила, шен доттагІчунна Янаркъина улло а хӏоьттина, топ йеттара, сих-сиха йуха а хьоьжуш,
– ГІуллакх полхой ду, Мишка! – эккхийтира Янаркъас, тӏейеттарш жимма лагӏйелча.
– Хӏун хилла, Янек?
– Патармаш кхачош дохку. Шиъ бен бац.
– Хӏан, хӏара пхиъ бу хьуна.
– Хӏай, испасибо! Вайша валаза висахь, Буцани хьан йу-кх!
Орцанна сихвелла Солтмурд а, ломара