йухабевлла хӏорш а цхьаьний кхечира Яркхсун лакхенга. Кхузахь бара Симсарара бевдда баьхкина доьзалш а.
– Аш хӏун до? Шу стенна даьхкина кхуза? – йуьртахошна хьалха сецира ӏаьлбаг.
– Салтех девдда даьхкина тхо! – маьхьарий девлира зударийн.
– Хих веддарг хьера кӏел иккхина бохург ду-кх аш динарг! Чехка йухадерза! Же, ма ӏелаш! Салтий бу тхуна тӏаьхьабогӏуш, кхузахь тӏом хир бу. Же, же, дӏадовла кхузара. ЦІа а гӏой, шайна хӏумма а ца хуучуха ӏе…
Зеламха цӏа чу а вигна, шаьлтанца этӏош гӏайбин чкъуьйриг а йаьккхина, цуьнан пхьарс дӏабихкира Іаьлбага. Готта цӏа дуьзира чубаьхкинчу Солтмурдий, Сулиманий, Раджаб-ӏелассий, кхечарий.
– Зен дукха хиллий? – хаьттира тӏехӏоьттинчу Солтмурда.
– Хаац, – шого жоп делира ӏаьлбага. – Шуьшиъ хӏун деш вара цигахь?
– Эрна къахьийги. Тхойша тӏекхачале, хьаннашкахь къайлавелира мостагӏ.
– Ткъа шуьшиъ?
– Жимма ладоьгӏуш ӏийра. Кхузахь тӏом болабелча, схьа сихвелира-кх.
– Ой, царна тӏаьхьадовла ца мегара шу?
– Уьш мел бу а ца хууш, ах бӏе стагаца царна тӏаьхьа муха гӏо?
Ӏаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.
– Дера, ломахь тӏом хезча, хьо букъа тӏехьахула тӏелата ца вахьахь а, кхоссарш йина а, мостагІчун цхьаболу ницкъ мукъане а шайна тӏеберзо дагадан-м ма дезара.
– Уьш нислур дац хӏинца. Салтий схьакхачале, цхьа сацам тӏеэцал.
– Сан сацам кхузахь летта валар бу.
– Дала-м хьалхе дара, ӏаьлбаг-Хьаьжа. КІелхьардевр ду вай, – элира Солтмурда.
– Кӏелхьарваьлла, мича ваха воллу хьо?
– Дуьне доккха ду.
– Мичча вахча а, лоцур ву. Кхана ца лацахь, лама.
– Лоьцур ду бохуш, кхузахь дала-м ца деза вай? – йукъавуьйлира Сулиман. – Обарг девлла лелар вай.
– Йерриг оьмареххьий?
– Хӏетале цхьаъ хир. Молла Несартна а дайна, хӏетале вир лер йа виран да лер.
– Дала кхуьур ду, ӏаьлбаг, – хьалагӏеттира Коьра. – Валар тамаша бац. Къийсам чекх ца баьлла хӏинца а. Цунна кхоор вай вешан синош.
Болабелла къовсам чекхбалале, тоьпаш йевлира арахь. Шен тур а, топ а схьа а эцна, араэккха кечвелла ӏаьлбаг, лазаршна садетташ, йуьхь чӏечкъаш ӏуьллучу жимачу веше а хьаьжна, сецира.
– Кӏелхьардовла деза, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – букъа тӏе куьг тухуш, меллаша ӏаьлбаг хьалхатеттира Солтмурда.
– Оцу кӏантана хӏун