– Россехь ду иштта. Ткъа туземцашна йукъахь вай къестадала ца оьшу. Кхузахь дерриг а цхьаъ хила деза.
– Дезара. Амма ӏедало хӏиттийначу социальни хьелаша цхьаъ хила дитац.
– Туземцаша и ца боху. Царна бӏаьрга дан ца деза вай. Цара къестабац ӏедалан дай, тӏемалой, муьжгий. Муьлхха а оьрси шайн мостагӏ хета царна.
– Бакъ дац иза! Оьрсийн халкъаца цхьа а тайпа хьагӏ-гамо йац Россехь дехачу къаьмнийн. Амма царна ӏедал цадезар ша ду. Цунна дуьхьал оьрсийн муьжгий а гӏуьтту даим. Кху Теркан областера хьелаш а ша ду. Кхузахь вайн ӏедал хӏотталц, цхьа вежарий санна, бертахь баьхначу ламанхошний, гӏалгӏазкхашний йуккъе мостагӏалла доьлла. Иза кхоьллина вайн ӏедало кхузахь дӏахьочу политико. Ламанхошна а, гӏалгӏазкхашна а ша-ша законаш леладо. Хьалхарчара – уьш лахбеш, сийсазбеш, шолгӏачарна – уьш лакхабохуш. Царна йукъахь диллинадӏа дов латто, гӏалгӏазкхашна герз ло аш, ткъа туземцашкара дӏадоккху. Ӏедало ша ца доккху иза а. Гӏалгӏазкхашка доккхуьйту.
– Россехь муьжгашка леладойтий герз? Ца леладойту. Хӏета, берриг гражданашна цхьа закон ду вайн.
– Гӏалгӏазкхий бац ткъа Россин гражданаш?
– Уьш ӏедалан гӏортораш ма йу. Церан тарраш тӏехь лаьтта пачхьалкхан чӏогӏалла.
Цӏеххьана даккхийра догӏанан тӏадамаш эга дуьйлира.
– Газеташ тӏехь ма кӏезиг гучуволу хьо? – ӏуттуш хаьттира инарлас.
– Сайна тоъал.
– Вайн тӏемалойн хьуьнарех хӏунда ца йаздо ахь?
– Мичахь ду уьш?
– Кхузахь.
– Хӏара эхь кхайкхо ӏалашо йац сан, хьан локхалла.
– Россина дуьхьал гӏевттинчу мятежникашна – туркойн бартахошна таІзардар эхь лору ахь? – хьаьжайукъ хабийра Смекаловс.
Абросимов къаьрззина инарле хьаьжира.
– Ахь мича тӏедоьгӏна лору хӏорш туркойн бартахой?
– Тӏом болабеллачу шолгӏачу дийнахь ма гӏевттина уьш.
– Тӏом Турцис ма ца кхайкхийна, ткъа Россис кхайкхийна.
– Тӏаккха?
– Суна хетарехь, вайн правительствос хьалххе хаийтина-м хир ма дац нохчашка, ша Турцига тӏом хьебийр бу, шолгӏачу дийнахь гӏовтта кечлолаш аьлла! Тахана вайн чоьхьарчу цхьайтта губернехь а ма бу ахархойн гӏовттамаш. И оьрсийн белхалой а, ахархой а лору ахь туркошна гӏоьнна гӏевттина?