Цаьршиннан къовсам йукъахбаьккхира говраш хьацаран кӏур йина веанчу ӏусманий, Джамалий. Йохйелла, дегӏа тӏера ӏаь гӏуьтту говраш кертах дӏа а тийсина, сих ца луш тӏе а веана, шайна ма-хаъара оьрсийн маттахь инарле маршалла а делла, деалха тоьхна кехат цуьнга дӏакховдийра хьалхарчо. Сиха схьаэцна кехат даржа а дина, тӏехула сутара бӏаьргаш кхарстийра Смекаловс:
«Сийсара суьйранна болабелла тӏом сахуьлунга баьлла.
Ӏаьлбаган бен а бохийна, цуьнан гӏера тӏаьххьара а дІасайаржийна куринцаша. Йийсаре лаьцна ӏаьлбаган жимахволу ваша а, цхьа милардахо а… Дуккха а туземцаш байъина. Вайн дараш дукха дац. Прапорщикна Элбина чов йина. Мятежникийн гӏеранна тӏаьхьадевлла тхо. Лагере йухадерзар кхана хир ду.
Капитан Пруссаков.
5 октябрь, 1877 шо.
Ӏуьйранна 10 сахьт долуш»
Шозлагӏа а кехат дешна, доккха садаьккхира Смекаловс. Селхана дуьйна цуьнан йуьхьа тӏехь лаьтта кхоламе мархаш, куьг хьаькхча санна, дӏайевлира. Халла хаалуш делаозийра стаммий балдаш:
– Ас толамца декъалво хьо, Яков Степанович!
Абросимов хаттаре Смекаловга хьаьжира.
– ӏаьлбаган гӏера тӏаьххьара а йохийна! – кхетийра иза инарлас.
– Со хӏунда во ахь декъала? – белшаш саттийра Абросимовс. – Ас дакъа ца лаьцна хӏара гӏаттам хьошуш. И хастам кхечарна буьту ас…
Цӏеххьана дӏа а вирзина, Смекаловна бевзаш боцчу мукъамехь шок лоькхуш, дӏавахара Абросимов.
«Тамаша бу, и къона стаг лартӏехь-м велахь, – тӏаьхьахьаьжира цунна инарла. – Йуккъехула аьлча, кху заманан интеллигенци тиларчу йахана. Диц ца лахь, цунах лаьцна йаздан дезар ду».
Шина дийнахь-буса къийсам лаьттира Дуьйра-Коьртехь а, Яркхсун лакхенца а. Тӏаккха иза, цхьацца гӏулч болуш, Цантойн лома белира.
Дуьйра-Корта гӏовттамхойх цӏанбинчул тӏаьхьа шолгӏачу дийнахь-бусий хилларг тӏом бацара. Боьхна, хьаннашкахь цхьацца-шишша дӏасабаьржинчу гӏовттамхошний, бахархошний тӏаьхьаталларе бирзира иза. Дуьхьало йинарг вуьйш, каравеанарг, лоций, лагере дӏавалош.
Іаьлбаг вина бен тӏаьххьара а бохийра.
Марчонах хьаьрчича санна хетало лай кӏел бахана лам. Цецах санна, дегӏах чекхбуьйлу, токхамашца кхерсташ, дарц уьйъуш мох. Кхузахь атталла хьун а йац. Генна лаха чохь йисина къена