– Тховса буьйса йоккхуш ӏейша, Андри, – элира дечиган кедахь окхлоца саьрамсекх отуш йоллучу Айзас. – Шина кӏантана а лаьара вуьсийла. Юсуп а цӏа вогӏур вацара-те? Церан дайн безам ма бу шуьшиъ.
– ӏойла дац, Айза. Хазахета а ӏийр вара. Наташин сагатлур ду. КІантана сагатдо цо. Кехат данза ши бутт а баьлла.
– Чекхболу ца боху и тӏом а?
– Дера, ца боху. Массеран а кийрахь шийла ша бу. Шайн-шайниг вийна аьлла, хӏинций-хӏинций хаам кхочу бохуш, ладоьгӏуш ӏа массо а. Туркошца берг дӏабаьлча, кхин болор бу. Хьерабевлла хӏара дуьненан паччахьаш. Цара хӏун къуьйсу, царна хӏун оьшу а хаац-кх. Маситта къам шен ӏедална кӏел доьллина, хӏокху масех бӏе шарахь церан йаьӏни тӏе а хиъна ӏа, боху, туркойн паччахь. Хьо гӏаш дӏаволавелча, цхьана маьӏӏера вукху маьӏӏе шина-кхаа шеран некъ бу оьрсийн паччахьан мехкан а. Ткъа мел дукха мохк бу, боху, эрна Іуьллуш! Ахь баттахь некъ барх, йурт-м хьовха, адам а ца гуш. Хьаннаш, шера аренаш. Хӏетте а, ца тоьу. Йузац сутара гайнаш. Хӏара дерриг дуьне дӏакхалла гӏерта хӏор а паччахь а, церан ардангаш а.
– Шу гӏалгӏазкхийн-м латта а дара, – элира Болата. – Тхайниг ду доьхна гӏуллакх. Иза тодан а гӏоьртина, долчу тӏе а галдаьккхи оха.
Корнейс корта ластийра.
– Тхан мичахь ду латта? Пачхьалкхан ду-кх. Гӏалгӏазкхи паччахьна гӏуллакхдечура сецча, дӏадоккху цуьнан кха. Санний, Андрейнний данне а дац латта. Тхойша эскарехь гӏуллакх деш ма вац. Андрей аьчка-пхьар ву, ткъа сан ницкъ бац говр, герз, барзакъ эца. Со саннарш дуккха а бу тхо долчохь.
Дешис кхача хьалха буьллуш а луьйчура ца сецира Андрей. Шена Іаьткъинарг дерриг охьа а далхийна, дог ӏабо гӏертара иза.
– Хӏаъа ткъа, Корней, шен берашна баьпкан йуьхк йаккха гӏерташ, къанвелла. Корней а, со а саннарш шайн вархӏий дайшкара дуьйна схьа хьолахошна беца, тӏом хилча, царна хьалхара цӏий Іано оьху. Нийсо мичахь йу? Цхьаннахьа а йац. Хӏара дуьне дуьззина харцо йу. Масех бӏе шо ду оьрсийн халкъо оцу харцонна дуьхьал къуьйсу. Амма хӏоразза а шен цӏела керчадойту оццу муьжгех схьабевллачу салташка. Шен халкъ лоллехь даллийна ца ӏа вайн паччахь, изза салтий бохуьйту цо шайн маршонехьа къуьйсу кхидолу къаьмнаш хьаша а.