Йуург йиъна, жимма ӏийна, дӏабаха арабевлира хьеший. Говрашна тӏеховшале, массарна а маралилхира уьш. Болатний, ӏумарний, ӏусманний мараэккхале, цаьршинга гӏайгӏане вистхилира Андрей.
– Кхузара доттагӏий чекхбевли тхан, кӏентий. Аьрзу, Данчӏа, ӏела, Маккхал… Хӏинца – Васал, МІаьчиг… Дика адамаш а, къонахий а бара уьш… Дала мукъалахь, ӏела а, Маккхал а могаш-маьрша цӏа воьрзур ву. Амма важа виъ вукху дуьненахь бен гур вац. Мӏаьчиг кӏур боцуш чекхвели. Вукхеран-м тӏаьхьенаш а йу. Со а мел вехар а хаац. Къанвелла. Амма сан дехар ду шуьга, кӏентий. Варийлаш, шайн дайн доттагӏалла ма дицделаш. Хӏара бохамаш дӏабевлча, вовшашна тӏеттӏадаха маршо йаьлча, станице дуьйлалаш кест-кестта. Корнейн а кӏентий бу кхуьуш. Иванан а шиъ кӏант ву воккхахуьлуш. ХІарра весет цаьрга а дийр ду оха. Цхьана сий доцчу адамаша мостагӏалла а дожадо къаьмнашна йукъа, дикачу адамаша доттагӏалла а кхуллу. Дика адамаш дукха ду вочел. Дала мукъалахь, нийсо а, доттагӏалла а тоьлур ду. Шуна тӏе кхерам кхозабелла, амма тхан ницкъ бац гӏо дан. Оха-м, ӏедалх довдийна, тхаьш долчу дӏадуьгур дара шу, тӏаккха хиндерг а хаьа-кх вайна. Хӏан, марша ӏойла шу! Дала диканна цхьаьнатухийла вай…
Андрей, говра а ваьлла, дӏаволалуш, цуьнан бӏаьргех охьахьаьлхина сирла бӏаьрхиш гира ӏусманна.
Оцу бӏаьрхишна йуккъехула Андрейна хьалхахӏуьттура мацах цкъа станице баьхкича, шена тӏедалийна ӏелий, Айзий. Турце кхалха кечлуш, йохка цхьа аьттан цӏоьллак йалош веана миска Мӏаьчиг а, майра Аьрзу а, хьекъале Маккхал а, догцӏена Данчӏа а…
«Къонахий дӏабовлуш лаьтта нохчашний, гӏалгӏазкхашний йукъара. Цхьа хӏоранаш йу бухахь йуьсурш. Хӏоранаш. Хӏокху ӏедало йина хӏоранаш».
Иза ду Андрейна ӏеткъарг…
Хьеший Гати-Юьртан мехкан дозанал дехьа а баьхна, цӏа вирзира Болат а, ӏумар а.
Деши, товханна хьалха охьа а хиъна, пхьегӏаш дӏалуьстуш карийра Болатна. Башха чолхе а йацара пхьегӏаш: лоха когаш болу дечиган горга шун, кхийран биъ кад, дечиган масех Іайг, дуткъачу серех дуьйцина чоьлпа.
Зудчух бӏаьрг ма-кхийтти хиира Болатна иза хӏума йааза хилар.
– Ахь хӏума хӏунда ца йиъна, Деши? – хаьттира цо, йукъахдихкина шаьлтий-доьхкий схьа а достуш.