тесира Асхьада.
– Хӏан, дӏаэца. Амма айхьа тӏедохьурш диканиш харжалахь. Хьажал айхьа беанчуьнга. Берриг шеддаш, пӏенда санна, гома. ХІокху нехан дехарций, хьох къахеттий делла хьуна ас и ах сом.
Бацала доьжна ах сом схьа а эцна, резавоцуш Асхьаде а хьаьжна, шен ши сту хьалха а лаьллина, дӏавахара мескатхо.
– Шу стенна даьхкина? – шен мукадехкачех тера ши бӏаьрг хӏокхарна тӏебуьйгӀира Асхьада.
– Болх беза тхуна, – элира Янаркъас.
Хӏорш дуьххьара гича санна, хӏор а коьртера охьа когашка кхаччалц вуьстира Асхьада.
– Хӏун болх?
– Муьлхха а.
– Муьлхха а болх аш муха бо, шу пхьераш ма дац?
– Дечигаш цасталур йу, тӏе а кхехьалур йу, хьала а ийъалур йу.
– Латта а ахкалур ду.
Янаркъе а хьаьжна, муцІар разйаьккхина, велакъежира Асхьад.
– Халла ирахь лелачу ахь хӏун болх бийр бара?
Янаркъас, вист ца хуьлуш, шен гӏорладоьлла ши куьг дӏагайтира.
– Буй хьан тхуна болх? – хаьттира Къайсара.
– Болх-м шортта бу. Татол доккхий аш?
– Йоле хьаьжча, хуур ду-кх.
– ӏуьйранна малх ма-кхийтти дӏахӏиттина, малх чубуззалц болх бича, эппаз.
Доттагӏий вовшашка хьаьвсира.
– Дийнахь сом лахь, реза хир ду.
Асхьад вистхила а ца вешира. Дӏа а хьаьвзина, вахана, хьеран когаш буттучарна тӏевахара иза.
Асхьад уллора дӏаваьлча, шен диг дечигна тӏе а доьгӏна, тӏевеана, маршалла хаьттира Яковс.
– Шу хӏунда даьхкина?
– Болх бан.
– Барт хилин?
– Хӏан-хӏа, – корта хьовзийра Къайсара. – Дукха тӏех сутара ду и жӏаьла.
– Оцу тӏехь-м цуьнгара хьалхе йоккхур йац цхьаммо а. Тхоьца мел дукха къийсира цо!
Ах мах бала гӏерташ. Тхо реза ца хилча, кхин пхьераш лийхира. Уьш кара а ца бина, кӏелвисча, тӏаккха бертавеара-кх. Мел ло шуна?
– Эппаз.
– КІезиг ду. Ӏаламат кӏезиг. Тхан станицашкахь уггар лахара мах бу иза…
– Шу долчохь карабой болх? – хаьттира Лорсас.
– Халла. Муьжгий а лела, болх лоьхуш, бевлла. Гӏалгӏазкхашна йукъахь а бу дуккха а къехой. Цундела хьал дерш сутара бевлла.
– Лело ницкъ боцуш, тӏе къух даьлла лаьтташ шортта мохк болчу гӏалгӏазкхашлахь а хӏунда бу къехой? – цецвелира Аьрсамирза.
– Болчийн мохк а бу, Аьрсамирза. Шортта. Амма боцчийн бац. Вай санначу къечу гӏалгӏазкхийн. Хӏун дийр ду ткъа, Дала цхьатерра ца делла-кх адамашна рицкъа а, ирс а.