ХІораннан – шен-шен кхоллам. Цхьаберш – боьлу, кхиберш – боьлху. Цхьакӏеззигнаш – буьзна бу, эзарнаш – мацалла угӏу. Нагахь дийнахь ахсом лахь, реза хила шу. Тхан цигахь лакхара мах ши эппаз бу.
Дуккха а къийсинчул тӏаьхьа, цхьана стагана денна ахсом йал а хӏоттош, хӏоранна а болх белира Асхьада.
– Амма, хаалаш, кхача шайн хир бу шун, – тӏетуьйхира цо.
– Дела баа иза, хьо вала а велла, докъана! – сардам боьллира Янаркъас, цунна тӏаьхьа а хьаьжна. – Ахь тхуна лун йолу йакъайелла сискал а, кӏон хохаш а ма доккха хӏума хили хьуна!
– Вита Іадда. Сагӏа ца доьхур вай, – Янаркъа дӏаозийра Къайсара. – Хайра хир дацара цо йеллачу сискалх…
Оцу дийнахь болх болийна, тӏедогӏучу шина дийнахь белхий а бина, Болатан той-барам дӏаберззол ахча даьккхира цара.
Попан а, пхонан а декъачу дечигах йоьттина ворда хьуьнах араболучу готтачу новкъа хьала текхайора къоначу шина бугӏано. Ирхе-м оццул йоккха а йацара, амма некъ ша хала бара. Къеначу пепнийн некъана пурх дӏасаихначу орамаша цхьаццанхьа халачу баькхинера иза. Маӏех тесна бахтаран дуьхьалоца а лаьцна, Мохьмада хьалха дӏаийзайора бугӏанаш, ткъа ӏумара, йукъ-йукъа пхонан сераца роггӏана ши бугӏа а човхош, аьтто баьллачохь ворда тӏехьара тӏетоьттура.
Шен дагахь ӏумарна оьгӏазъоьхура Мохьмад. Делкъале ирзо тӏе мекха баьккхина ваьлча, шаьшшиъ хьалххе цӏа гӏур ву моьттуш, тахана самукъадаьлла вара кӏант. Мичара, иза до ткъа баккхийчара! Дукха воккха а велара. Мохьмадал цуьнан совдаьлларг пхи шо ду-кх. ХІетте а, стохка шен да лаьцчахьана, шайн кхаа кертахь тхьамда хилла дІахӏоьттина. Хӏетахь дуьйна схьа чӏогӏа хийцавелла ӏумар. Хьалхалера забарш а йац. Цунах дагабовлий бен, зударша а хӏумма а ца до кертахь. Керташкара массо гӏуллакх дан гӏерташ, ша а садаӏац, йа ӏусман а, Мохьмад а ца вуьту ловза. Хӏун гӏуллакх дара, ирзо тӏе мекха баьккхина ваьлча, цӏа вахий бен? Хӏан-хӏа, дечиг дахьа деза, боху. ЦІахь иза кӏезиг долуш санна. Нагахь бугӏанашка кху ирзох ворда хьала ца йаккхалахь? ТІаккха ах-ах хьаладаккха дезар ду. Шалха къахьегар хуьлу-кх.
– Мӏаьла! Мӏаьла! Оза! – йукъ-йукъа сара тухуш, бугӏанаш чехайора ӏумара.
– Схьайола, схьайола! – хьалха дӏаийзайора