— Базарахь жимма хьен веллера со, буьйсана кӏела а воьдуш новкъа вала а кхерамен ду. Берзалойн тоба хаайелла оцу тхан лакхарчу йуьртана йисттехь. Хьо волучохь буьйса а йаьккхина кхана гӏоттучу малхаца новкъавер-кх аьлла ма-вогӏу со-м, Мовла, — олуш бехказлонаш йийца вуьйлира ӏандаркъа.
— Нийса веъна-кх тӏаккха, тхо-м хьо ца вогӏуш хьевелча, могуш воцуш хилла техьа, бохуш саготту дара, — хьешан сапаргӏата даьккхира Мовлас.
Рагӏун кӏелахь лоха горгачу истолан тӏехь сиха хӏоттийра Хӏийжанас хьешана кхача:
— Маьрша догӏийла шу! Могуш, маьрша ӏаш дуй шу? – олуш.
ӏандаркъа-м Хӏифжанас истолан тӏе кхача хӏоттош дӏаса хьийзаш шена дика йевзачу паднаран йисттехь хиина ӏара. Шен гихь йоллу топ а йуьстаха йаккха дицделлера цунна, Мовлас:
— Топ новкъа хир йу хьуна гихь. Топ йуьстаха йаьккхий паргӏта волуш, садоӏа, ӏандаркъа! – аллалц.
— И топ-м дера йац аса вуьжуш-гӏоттуш йуьтуш, — олуш паднара йистте пенаца ирахӏоттийра цо. Лулакулара ши-кхоъ къонаха а веънера жимма луьйш-олуш ӏийра ду-кх аьлла. Горгачу истолана гонаха хевшина, кхачех кхеташ ӏаш бара къонахий, хьешана баьрччехь меттиг а белла.
Дишний-м даима а бара бегашах буьззина, аганахь ӏуьлларг а, кӏела тесина хӏума йашийна а бегаш бийр болуш. Ша а царах цхьаъ хиларе терра, Салавди цӏе йолу, Мовлин шича а, лулахо а вара, буьйсана кхоъ сахьт даьлча а самаваккхахь а, хьо шена ца вевза кеп хӏоттийна а, бегаш бийра болуш. Истолан тӏера котамберамна чу ӏоьттина котаман гӏогӏ ах бохург санна кхаьллина даьӏахк цӏанйеш, хьеше хаьттира цо:
— ӏандаркъа, шу оцу лакхарчу йуьртара къонахий чӏогӏа нийса топ тухуш ду бохуш хезна суна. Бакъ дуй и?
Массо а шайн вуткъа веха хьеше а хьаьвсина, тӏаккха цуьнан паднаран йисттехь пенаца хӏоттийна лаьттачу йоцачу тоьпе хьаьвсира.
— Дера иза-м бакъ ма-ду! – шена тидам бина везавира хьаша, безамца шен тоьпе а хьожуш.
— Мел доккхачу экхана топ кхетара йара хьан? – цхьаъ-м дагадеъна хӏиллане хаьттира Салавдис.
— Топ-м акхтаргана буьххьехь ӏаш хилчи а, тарсална а тухура йара ас, — дозалла дира ламарочо.
— Делахь, ца хаа суна-м, оцу йоккхачу хьуьнхара йогӏий, тхан кертара хьаьжкӏийн шадолу гӏад дожадой йоьду-кх и цхьа онда налла.