Оцу наллана кхетара йарий хьан топ? – хоттуш элира Салавдис.
— Наллана-м бӏаргаш хьаббина а кхетара йара сан топ! – кхин цкъа а хастийра ша ӏандаркъас. Цо-м дийцира ша чана муха топ туьйхира а экхехь. Иштта къонахий луьйш-олуш ӏаш буьйса а тӏекхечира. Хӏийжанас рагӏу кӏелахь латийра и сирла мехкдаьттан чиркъ. Буьйса-м йара дукха ӏаьржа беттаса а доцуш. Къамеле бевлла къонахий буйлира хӏора а шайн экхе багӏначохь хилла-цахилларш дийца. Къамеле бевллачу къонахша тидам ца бира Салавди гӏаьттина йуьстаха волуш.
Рагӏун кӏелара сехьаваьлча бодано сиха хьулвеш къевлаваьккхира иза. Амма Салавдис дан леринарг кхин йоккха серло оьшуш хӏума а дацара. Боданех кӏайн шаршу санна хаалуш долу вирана уллох вахана иза дуьхьалагӏертар тергал ца деш, тоттуш, тухуш, ӏуттуш керта лаьллира цо. Йоккха керт йуькъа хьун санна луьста-лекха хьажкӏех йуьззина йара. Хьаьжкӏаш йуккъехь-м мерза сугӏ, ӏегӏа кхин бецаш йара. Йуьхьанца дуьхьала гӏиртина вир сиха ӏехаделира бецах, хьаьжкӏийн луьйдагех, коьртаниг, доьжначу гӏодмашна тӏехь хилла йаьлла поттарчашна тӏехь хӏьжкӏаш йара! Гена мел дели а вир-м кхин а чӏогӏа ӏехалора.
Салавди тийна-таьӏӏина рагӏу кӏелахь шен меттиге веъна охьалахвелира. Буьйса тӏехэккхалца ӏйра божарий цхьацца самукъане къамелаш деш. Эххар а, наб тӏегӏоьртина дӏасабуьйъира уьш. Хьешан буьйса декъала йина, шайн цӏабирзира лулахой а.
— Мовла, ахьа пурба лахь кхуза паднартӏехь вуьжур ву со. Чохь садукъло сан, арахь мох хӏонехь дика хетар суна, — дехар дира хьешо.
— Томехь дац суна хьаша арахь вижон, — дуьхьало йора мовлас, делахь а хьешана луург коьртаниг дара.
Хьешан дӏавижа аьтто баьккхина, Мовла ша шен хӏусамхошца чохь дӏатарвелира.
Хьешана набм йедда гена йаьллера. Ша-шех эхь хетара цунна, Мовлин гӏиллакхо вохийнера иза. «Кхана серлонехь муха хьожура ву оцу баккъхьарчу стеган бӏаьра!» — ойла йора цо. Цӏеххьана буьйсанан боданан тийналлехь хӏусамден кертахь цхьа гӏовгӏа хезира кхунна. Сихха кӏегаа хиина, паднаран тӏехь ӏаччохь сема ладуьйгира цо.
— Иэ! Гӏодмаш дац уьш кегдеш? – ша-шега хаьттира цо.
«… оцу йоккхачу хьуьнхара йогӏий тхан кертара хьаьжкӏийн шадолу гӏад дожадой йоьду-кх и цхьа онда налла!