– Стенна оьшу царна хьалха хержа некъаш хӏиттор? – цецвелира фельдмаршал Барятинский. – Уьш йокъаней, уьшалей делахь а, аренгара латта оьшур ду вайна. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа бӏе шо хьалха дӏахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.
– Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тӏетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьӏне гӏуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зенаш доцуш, тӏом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгӏа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тӏехь паргӏат колонизаци йойла хуьлу.
– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.
– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тӏеоьцур бу шайн басурманаш.
Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан а хӏара, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.
1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гӏоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бӏе эзар Крымера гӏезалой, ногӏий а тӏеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бӏе эзар гӏезало дӏакхелхира цига. Царна тӏаьхьа ногӏий а гӏоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех а ӏехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дӏабаха безара цигара. Тӏе, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дӏа и зурма лоькхуш. Амма кавказски ӏедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.
– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дӏа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дӏа а баьхна, и вешан мостагӏий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цӏе йойъу, кхечахьа йуьллу. Хӏан-хӏа, ма-хуьллу генабаха беза!