1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тӏаьххьара а чӏагӏбира ламанхой кхалхоран гӏуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.
Тӏакхха дӏайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тӏаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тӏом сацийра. Амма паччахьан правительствона кӏезиг хетара церан муьтӏахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хӏоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни ӏедална кӏел совцар, йа – лаххьабелла Турце дӏакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тӏе кхалхар а, ӏожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тӏеэца ца лиъна халкъаш, кӏез-кӏезиг лоьхкуш, цкъа арен тӏера ломан когашка дигира, цигара дӏа лаьмнашка таӏийра, лаьмнашкара дӏа – хӏордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тӏеман эрчонаш лайна, мацалло, цамгарша гӏелбина ах миллион Малхбузера ламанхой, некха тӏе цамзанаш хӏиттийна, хӏордийн бердийн йистошка таӏийра. Ирсе-м догдохуьйла а йацара хӏордан дехьарчу бердашкахь, амма, шайн синош кӏелхьардаха, цига, хийрачу Турце, бовда дийзира церан…
Ламанхой дӏауьдура шайн даймахкара. Цӏенош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. Цхьакӏеззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Иза а – маьхза, ала мегар долуш. Масех бӏе эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме. Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка.
Кхелхачу ламанхошка хӏоьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладегӏнера Лорис-Меликовс. Хӏордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. Ӏаьнна кӏел бахча, цаьрга хӏоьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, ӏаьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш. Хӏордан йистаца дӏасакхийсина ӏохкура, жӏаьлеша диъна, дохийна, гӏорийна, адамийн декъий.