…Хастам лекхачу лаьмнашна,
Шийлачу шаша хьулдинчу!
Хастам хуьлда турпалхошна,
Дала ца бицбинчу!
Аш къийса – шу тоьлур ду!
Дала шуна гӏо деш ду.
Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам,
Сийлахь маршо а шуьца йу!
Т. Г. Шевченко. «Кавказ»
Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, садаӏар хӏун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина гӏаттам корта боцуш бисира. Хӏор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн тӏеман тхьамданаш. Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн бӏаьхой тӏаьхьа а хӏиттийна, йиллинчу метте дӏагулбала. Амма ӏай Шелана уллохь хиллачу гӏуллакхо доккха ков даьккхинера церан тӏеман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара гӏаттамна тӏехь куьйгалла дан деза масех стаг. Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех ӏеламстаг а дӏаваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. Тӏехула тӏе, Нохчийчу далийна керла эскарш…
«Нагахь оьрсийн паччахьан кхечу пачхьалкхаца кестта тӏом болалахь? – хоьттура шега Маккхала. – Хьан дийр ду гӏаттамна куьйгалла? Ма доьхна гӏуллакх ду-кх хӏара дан-м ткъа».
Оцу ойланашца Шелара ара а ваьлла, Басс-хица хьала Эгӏашта боьдучу новкъа велира Маккхаллий, Аьрзуй. Де, стигалахь марха йоцуш, къегина малх хьаьжна дара. Некъана шина а агӏор кхаш тӏехь оханаш деш, охкуш, йалташ дерна кечам беш бохкура шелахой. Хезара ахархойн гӏийла иллеш, йукъ-йукъа стерчий чехош детта маьхьарий. Берешца цхьаьна ойлане йаьлча санна, гӏийла кортош а охкийна йогӏура цаьршиннан говраш. Хьалхаваьлла вогӏучу Данчӏин кӏанта Болата, цхьана минотана а сацам боцуш, шена дага деъ-деънарг дуьйцура.
Сту Бийначу Ара бевлча, берешна хьалха схьахӏоьттира Шелара редут. Кху арахь цӏий ӏанийра церан накъостийн. Шиннен а бӏаьргашна хьалхахӏуьттура оцу дийнан ирча сурт.
– Кхузахь тӏом болуш, шуьшиъ варий, Аьрзу? – хаьттира Болата, хьалха воьдучура йуха а хьаьвзина.
– Вацара, Болат. Нах а ма хилла белара кхузахь, – гӏийла жоп делира Аьрзус.
– Со-м вара. Суна сайн шина бӏаьрга гира и дерриг а! – дозалла дира Болата. – Соьца Соип а вара, вевзий хьуна Далхин кӏант?
– Ца вевза, – жоп делира кӏанта дуьйцург тергал ца деш дита там ца хеттачу Аьрзус.