– Иза сан доттагӏ ву. Хьуна муха ца вевза иза? Тахана а ма вара иза-м тхоьгахь! Хьалхарчу дийнахь дуьйна вара тхойша наха лелочуьнга хьоьжуш. Дуккха а адам гулделлера Шела. Маьӏ-маьӏӏера баьхкинера уьш. Зударий бара дуккха а. Шина дийнахь дехарш дира цара инарле, Киши-Хьаьжа схьавоьхуш. Ткъа инарлас шина а дийнахь ӏехийра уьш, схьалур ву бохуш, амма эххар а элира, паччахьера пурба ца хилча шен иза йухалойла дац. Киши-Хьаьжа генна Сибрех дӏавигна, иштта сиха схьакхачалур вац аьлла. Наха дуьйцура, инарла харцлуьй, Киши-Хьаьжа Соьлжа-Гӏалин набахтехь ву бохуш. И набахте хӏун йу, Маккхал? – хаьттира цо, Маккхална йуххе а иккхина, цуьнан луьйтанах а тасавелла.
– Нах чубухкуш меттиг йу-кх, Болат.
– Хӏунда бухку уьш цу чу?
– ӏедална новкъара дӏабаха.
– Киши-Хьаьжа новкъа вара ткъа?
– Хилла-кх.
– Хӏунда?
– Хаац, Болат. Жима ву хьо, ас дийцича а, хӏинца кхетар вац.
Шен хаттарна дуьхьал кхачамболлуш жоп ца хезча чам байна Болат, доккха са а даьккхина, сецира, амма, шена гинарг дийцаза ца ӏавелла иза, йуха а къамеле велира.
– Тӏаккха, кхоалгӏачу дийнахь Киши-Хьаьжа схьа ца велча, дӏа ца бовла сацамбина, дӏо гӏопе бахара нах. Кхечу йарташкара баьхкинарш нахе пхиппа, йалх-йалх дӏатарбелира. Нагахь дала дезаш меттиг хӏоттахь а аьлла, наха хьалххе шайн догӏмаш цӏандира. Цхьаберш Басса чохь лийчира. Оххӏай, ма шийла де дара иза! Хӏетте а лийчира уьш шийлачу хи чохь! Цхьаболчаьргахь шайна кечдина марчонаш дара. Дукханнийн – каралаьцна Къуръанаш. Зуькарца, ӏасанашна тӏе а тийжаш, кху арахула гӏопе буьйлабелира уьш. Цаьрца вара со а, Соип а. Моьттура, хьалха санна, хӏумма а ца хуьлуш, тхаьш цӏа доьрзур ду. Бакъдерг аьлча, гӏопал арахьа хӏиттина гӏашлойн, дошлойн эскарш а, йаккхий тоьпаш а гича, Соип кхеравелира, со шек а вацара! Цхьамзанаш хьалха а лаьцна, салтий дуьхьалбуьйлабелча, со йухаийзавора Соипа, амма суна ца лиира, хӏун хуьлу хьажаза, йухавала. Салтий гергагӏоьртича, нахах цхьаммо мохь а туьйхира: «Ма кхералолаш керстанех, церан тоьпан молханах латта хилла, уьш Дала эшор бу тахана! Гӏазот даккха, кӏентий!» Ткъа дошлой, тарраш даьхна, хаьн тӏехула го лаца богӏура.
1. Агӏон тӏехула