Тӏаккха йукъ-йукъа нехан маьхьарий девлира: «Йа Аллахӏ! Йа устаз! Киши-Хьаьжи!» Йаккхийчу тоьпашна уллорчу салтийн карахь кӏур туьйсура милташа. Салтий гуттар а гергагӏоьртича, шаьлтанаш а йаьхна, нах царна чухьаьлхира. Тӏаккха сой, Соиппий йухаведира. Тӏейетта йолийра кегий а, йаккхий а тоьпаш. Адам йухадаьлча, хӏара аре йуьззина ӏохкуш декъий, чевнаш хилларш а бара.
Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цӏе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.
Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гӏаттам дӏаболо беза бохуш, оцу тӏехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тӏамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цӏий ӏено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тӏедаха деза.
Хинболчу гӏаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гӏаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тӏом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хӏетталц гӏаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гӏаттаме хьажош боло беза тӏом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан ӏедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цӏий ӏаноза доьрзур дац.
– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хӏаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гӏуллакх дуй ткъа, Делан кхел йохо гӏерта? Гӏаттамехь дакъалоцучу нехан ӏалашо бусалба дин чӏагӏдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цӏеххьана гӏаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цӏий ӏенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. Хӏинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан ӏедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.