Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. Бӏе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, ӏехош, хӏокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.
Ламанхой кхалхош шина а правительствона гӏо дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин ӏедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.
Баккъал а, хӏара ламанхой некъашкахь а, дӏакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хӏаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тӏехдика дӏатарбелира цигахь. Тӏаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тӏеман а лаккхара гӏуллакхаш дӏалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.
Хӏаъ, Михаил Тареловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах. Амма империн гӏуллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, бӏаьрнегӏар ца тухуш, тӏаьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига дӏакхалхо а реза ву иза.
Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран гӏуллакхна тӏехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу. Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон. …Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даьӏахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина дӏа сагатдо правительствон. Цкъа а ца хилла цигахь машар, хӏинца а бац. Хир а бац и, Нохчийчоь тӏаьххьара гуттаренна а гора ца хӏоттайахь. Ах бӏе шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна.