Нохчий дӏаьвше лаьхьарчий ду. Ткъа важа дисина ламанан къаьмнаш – чуьркаш. Лаьхьарчаша цӏий муьйлуш хилча, чуьркийн араш хаалац. Кху крайхь кхерамазалла, машар, тийналла а хир йац, Теркан лахенан аьтту агӏор долу нохчийн латтанаш вай дӏа ца лецахь. И нохчий бу хӏара Кавказ карзахйохурш. Уьш къарбой, Кавказ къарлур йу. Неӏалт хилла къам! Хӏара тӏаьххьара зама тӏекхаччалц оццул дукха а ма бацара уьш. Шайн махкахь цхьацца зуламаш дина, бевдда баьхкина кхечу къаьмнех болу шаьш санна талорхой гӏадбоьлхий тӏелоцу цара. Уьш тӏелецна ӏаш белара. Вайн салтий а ма уьду Нохчийчу. Кхечу ламанхошна тӏе ца бовду, ткъа – Нохчийчу. И нохчий, цхьа а ӏедал къобал ца деш, шайн лаамехь маьрша болу дела. Уьш санна, шаьш а талорхой болу дела. Цундела, гӏадбоьлхий, вовшашна мар-мара лелха! Массо тайпанчу талорхойн, вайн уьдучу салтийн а бен ма бу и Нохчийчоь. Ас даим а ультиматум хӏоттайо оцу йовсаршна хьалха: бевдда шайна йукъабаьхкина салтий соьга схьало, йа ас адамашна дуьйцу ца хезна таӏзар дийр ду шуна тӏехь. Цкъа а цхьа салти а схьа-м ца велла! Цундела ас хӏаллакйора церан йарташ. Цул сийдоцуш, боьха къам кху маьлха кӏел хир дац. Кху дуьненахь адам хьоькхуш лела и ӏаьржа ун а къехка царах, церан волла. Со ӏебар вац царах, тӏаьххьара веллачу нохчочун чарх Ставрополан музейхь сайн шина бӏаьргана гичий бен!»
Оццу жамӏашна тӏевеара, Ермоловн къизалла тӏехйаьлча, иза мукъа а ваьккхина, Николай ӏ-чо «ламанан къаьмнаш къарде, ткъа ца къарлурш хӏаллакде» аьлла, кхуза ваийтина фельдмаршал Паскевич.
– Кхидолу къаьмнаш къарда-м хала дацара, – паччахье балхамаш бора цо. – Церан коьртехь-м мехкадай бара, шайна чинаш, совгӏаташ, ахча делчахьана, шайн халкъаш-м хьовха, да-нана а духкур долуш. Халаниш нохчий бу. Шайн акхачу маршонах хаьдда, шаьш вайн комендантийн ӏедална кӏел дахар деккъа цхьана дагадаро а карзахбоху уьш…