Хӏетахь цхьана масех шарна иза кхузахь витина хиллехьара, цо шен къинхетамзачу куьйгашца тоххара караӏамийна хир йара и неӏалте Нохчийчоь.
Кубанан областехь а ирс хили Евдокимовн. Цигара ламанхой хӏорда тӏе таӏийра цо. Михаил Тареловична дагадаьхкира цо сардале йазйинчу донесени тӏера шалхоне могӏанаш: «Кавказерчу эскаршна хьалха лаьтта декхарш чекхдовла герга ду, – йаздора цо. – Лаьмнашкара дӏа а лаьхкина, хӏорда йистте, цхьана йуткъачу асанна тӏе таӏийнчу царна, вайн эскарш кхин а хьалхатаӏахь, кӏелхьарбовла некъ ца буьсу. Царах цхьакӏеззигчарна лаа там бу, шайн исбаьхьчу ӏаламан даймохк а битина, Кубанан йаьссачу аренашка дӏакхалха. Цундела, вайн адамаллин дегнаший, эскаршна хьалха лаьтта декхарш дайдан лаарой царна кхин некъ белларна тӏетоьтту вай – Турце дӏакхалха некъ маьрша битарна».
Хӏетахь, и могӏанаш дешча, дегнаш кӏадделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.
– Шайн даймахкара дӏабаха гӏертачу ламанхошна мелла а дуьхьало йар тӏех йоккха къизалла хета суна, – элира хӏетахь наместникан декхарш кхочушдеш хиллачу эло Орбелианис. – Вайн эскарша халачу хьелашка берзийна хилча, мелхо а, Турце кхелхачарна новкъарло йан ца йеза графо Евдокимовс. Амма, и масех бӏе эзар стаг хӏордал дехьа муха вер ву, хаац-кх.
Карцовс атта тардира и гӏуллакх.
– Кхалхаран гӏуллакх вайн лаамна жоп луш хиларний, кхузара тӏом цо тӏаьххьара а, гуттаренна а чекхбоккхург хиларний, кхузахь колонизаци йан аьттонаш луш хиларний, – вахвелира иза, – вешан ницкъ ма-кхоччу, царна дӏакхалха гӏо дан деза вай. Кхелхарш дӏабига догӏучу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка хӏитта бакъо йалар бакъахьа хета суна.
– Туркойн кеманаш кӏезиг хир дуй-те сила долу адам кхалхо, Александр Петрович?
– Вайн тӏеман а, махлелоран а кеманаш йукъаозор ду-кх. Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара дӏакхалха лууш. Цара гӏоьнна шайн кеманаш дахкийта а мега.
– Иза а хила тарло, – резахилира Григорий Дмитриевич. – Царна вайначул а тӏех лаьа ламанхой Турце кхалха.