хилира.
Кху цӏенош чохь болх беш йара хӏетта вовшахтоьхначу Хьалхарчу Интернационалан Генеральни совет.
Цӏа чохь цигаьркан сийна кӏур хӏоттийна, хьийзина когаш болу ӏаьржачу стоьла тӏе йуьхьарвахана йаздеш воллура стоммачу дегӏара шуьйра букъ болуш цхьа стаг. Стоьла тӏехь бендоцуш йуьстахтийсина ӏохкура сихачу хотӏехь йаздина цхьа сал кехаташ.
Стеган шуьйрачу белшаш тӏера месала корта, ло санна, кӏайбеллера. Амма болатан бос бетталучу цуьнан йуьхьан чкъоьргана го беш хьийкъинчу можаний, мекхашний йуккъехь хӏинца а ӏаьржа чоьш хаалора. Куьзганаш тӏехьара кехат тӏе хьуьйсучу цуьнан кӏоргачу, ӏаьржачу бӏаьргашна гора дуьненан паччахьийн дворецашкахь, дипломатически корпусашкахь, инарлийн штабашкахь, белхалочун, ахархочун къечу хӏусамашкахь а хуьлуш долу дерриг чолхе гӏуллакхаш. Хӏетахь оцу гӏайри тӏехь ши стаг вара чехка керча историн чкъург мича йоьду а, мичахь соцур йу а хууш, цунна тӏехь терго латтош.
Кху тӏаьххьарчу ткъа шарахь и ӏаьржа бӏаьргаш леррина хьуьйсура генарчу Кавказан ламанхоша шайн къоман маршонехьа латточу турпалчу къийсаме.
Стага, йаздечуьра а сецна, стоьла тӏерачу цигаьркийн гӏутакхара схьаэцна бага йоьллина цигаьрка сирникца лата а йина, маситтаза оза а йина, тӏаккха боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна, коре а вахана, шалха раманаш дӏайиллира. Дахкаро сирбинчу урамера схьа тӏуьна, шийла хӏаваъ хьаьдира цӏа чу.
Вехха лаьттира иза, бодашка бӏаьргаш боьгӏна, ойлане ваьлла. Тӏаккха, кораш тӏе а чӏаьгӏна, шен метте охьа а хиъна, тӏаьххьара кӏур а баьккхина, цигаьрканан йуьхьиг чимтосурга таӏийна дӏа а йайъина, къолам караийцира цо. Къоламо кехат тӏехь тӏехьатуьйсура кӏеззиг аьрру агӏор тийжачу элпийн могӏанаш:
«…Корта Санкт-Петербургехь, ткъа куьйгаш Европин массо кабинеташкахь долчу Россис, оцу варварийн державо, Кавказан ламанан чӏагӏонаш шен долайахаре, турпала Польша йере, цхьаьнггера а дуьхьало йоцуш цо баккхий мехкаш дӏалецаре Европин лакхара классаш эхь доцуш къобалдаре, моттаргӏане доглазарца, идиотски бендацаре хьийсаро белхалойн классана шен декхар гойту – халкъашна йуккъерчу политикин къайленаш карайерзор, шайн