правительствийн дипломатически деятельностана тӏехь тергам латтор, ткъа оьшуш меттиг хилахь, шайн карахь болчу берриг гӏирсашца цунна дуьхьало йар, нагахь санна и деятельность сацо шайн таро йацахь, иза ӏорайаккха а, цуьнца цхьаьна адамаша вовшашна йуккъехь лело йезачу оьздангаллин, нийсонан чолхе доцу законаш халкъийн йукъаметтигийн лакхара законаш хилийта а цхьаьнакхета дезар.
Ишттачу арахьарчу политикехьа къийсам белхалойн класс маршайаккхарехьа йукъарчу къийсаман дакъа ду.
Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!»
Йалх де дара Карл Маркс Хьалхарчу Интернационалан Ханна устав а, Учредительни манифест а йазйеш волу.
Манифестан тӏаьххьара могӏа йазбина, паргӏатваьлла, хецна садаьӏира цо.
Манифест йазйина вала гӏерташ, делкъе йан а цӏа ца вахара Маркс. Кхуззахь чохь бутербродца кофе а мелла, минотана а са ца доӏуш, йуха а балхана тӏевуьйлира иза.
Арахь хӏо мел цӏемза делахь а, хӏор а дийнахь кхуза, Интернационалан Генеральни Совет гуллучу ши гӏат долчу хӏокху Грин-стрит, 14 цӏеношка вогӏура иза. Маркс азвеллера кху тӏаьххьарчу хенахь. Цкъацкъа йуург а, садаӏар а дицлора цунна. Тховса а накъосташа, цӏа гӏой, садаӏахьара ахь бохуш, дийхира цуьнга. Амма Маркс, уьш дӏабахча а, болх беш висира кхузахь.
Маркс сахьте хьаьжира. Пхиъ даьллера. Бода боьлча хала ду цӏа ваха. Маден виллерчу Мейтленд-парк Род ураме. Арахь бодаш, дохк а ду. Ши гӏулч генара стаг а ца къаьста. Амма цӏа гӏойла дац. Фридрих ву схьаван везаш. Хӏара проект цхьаьна йийцаре йан.
Неӏ йоьллу хезна, дӏахьажавелира Маркс. Амма дехий тӏемагаш долу фетран шуьйра шляпа а коьртахь карахь трост йолуш чоьхьаваьлла зоьртала стаг Фридрих вацара.
Стеган шуьйра йуьхь йерриг а йекхайелира, Марксах бӏаьрг кхетча.
– Маршалла ду хьоьга, хьомсара Карл! – шен доккха ши куьг хьалха а кховдийна, тӏевеара иза. – Со вовзац хьуна? – хаьттира цо шен самукъане богу сийна бӏаьргаш цунна тӏе а боьгӏна.
– Бакунин! – хьала а гӏеттина, шина а куьйга схьа а лаьцна, цуьнан куьг ӏаьвдира Маркса. – Хьо мича дарцо валийна кху дахкаречу Лондоне?
– Дуьне ма-дду лелаш, схьакхечи-кх.
– Хӏан, охьахаал, – корехь лаьттачу горгачу стоьла улло дӏаозийра цо