… Мохк тӏеман хьолехь хиларо вайна
тӏедохкура ламанхой шайн оьздангаллех
бохор кхио долу, амма вешан ницкъ чӏагӏбен
долу гӏуллакхаш царна йукъадаржор, хӏетахь
вай къобалйора нохчочун сутаралла…
Хӏетахь бохо безара вайна зуламе болчу
ламанхойн шайн даймахке безам, дезара
царна йуккъе девнаш, питанаш тийса…
Хӏетахь цаьргара тӏеман шпионство а, йамартло
а оьшура вайна… Хӏинца цигахь чӏогӏа оьшу
нийсо йийр йолу, диканиг луу оьзда администраци…
Н. А. Добролюбов
Дезчу денна кечйелча санна йара тахана Владикавказ. Кхузахь гӏалин урамашкахь а, Теркан областан эскарийн штабан цӏеношний, командующин квартириний хьалха а гора леррина кечбелла областерчу эскарийн тайп-тайпанчу дакъойн эпсарш.
Петербургера йухавирзина Карцов ган баьхкинера уьш. Хӏоранна а лаьара Кавказски эскарийн Коьртачу штабан начальникна хьалхахӏотта, империн столицера цӏа вирзина иза декъалван. Хӏоранна а лаьара цунна билгалвала. Инарла магӏарчу тӏеман начальникех вацара. Кавказехь гӏуллакх дан вале Александр ӏӏ-ний, цуьнан вешиний тӏеман тактикех лекцеш йоьшуш хиллачу цуьнан хӏинца императоро догъоьцура. Кхин ца хилча а, Коьртачу штабан начальник-х вай иза. Хьанна хаьа, тахана цунна дуьхьалхьаьжна велакъажарх, цунна дезалучу агӏор дош аларх, кӏеззиг гӏиллакх лелорах йозуш хила а ма мега церан хинйолу карьера.
Доттагӏчун сийнна сийсара Лорис-Меликовс хӏоттийначу банкете баьхкина хьеший тахана дӏасаоьхура. Гӏалин цхьацца агӏор арайевлира кхоккха говр йоьжна пайтонаш, дошлойн говраш. Карцовн лаамца кхузахь биснера отделенийн, округийн начальникаш, полкийн командираш.
Михаил Тареловичан кабинетехь баьрччехь пенах кхозучу шен йерриг а регалешца дийнна даьккхинчу Александр ӏӏ-чун суьрта кӏел лекха гӏовла йолчу венециански кӏедачу кресло чу а воттавелла, йехачу стоьлана гонаха хевшина ӏачу эпсаршка бӏаьрг туьйхира Карцовс.
– Господа эпсарш, – долийра цо дуькъачу озаца, – шуна ца хууш дац кху сохьта Теркан областехь хӏоьттина хьал. Кхузахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа, правительствос цхьамогӏа сацамаш тӏеэцна. Царах коьртаниг Кавказехь – уггар вайна