кхерамечу мостагӏех, нохчех, берриш ца бахалахь а, ах мукъана а кхузара дӏабахаран хьокъехь хилла сацам бу. Петербургехь волуш оцу хьокъехь сан къамел хилла цуьнан локхаллица Милютинца, Цуьнан Императорски Воккхалло къобалдо кавказски ӏедалийн дӏадолор. Гӏуллакх зен-зулам доцуш дерзаран жоьпалла уггар хьалха шуна тӏехь дуьсу. Цундела суна хаа луур ду Нохчийчохь тахана долу хьал. Областан начальникан запискех йукъара хьал хаьа тхуна. Округан начальникашка сан дехар ду, шайна хууш дерг, цхьа жиманиг а буха ца дуьтуш, схьадийцар. Амма уггар хьалха суна ладогӏа луур ду йуккъерчу Отделан начальнике.
Теркан гӏалгӏазкхийн эскарийн наказной атаманна инарла-майорна Христофор Егорович Попандопулона а, Гребенски гӏалгӏазкхийн полкан командирна полковникна Петр Гаврилович Белликна а йуккъе хиъна ӏен зоьртала инарла-майор эла Александр Георгиевич Туманов везза хьалагӏеттира. Вуьшта а дегӏа тӏе йижина мундир тӏемгаш лаьцна охьа а озийна, сийначу ленти тӏехь кхозу св. Аннин орден а нисйина, йайн йовхарш туьйхира цо.
– Хьан Локхалла Александр Петрович, шуна ма-хаъара, сан карахь йу вай къарйинчу Кавказехь уггар карзахе къам шена чохь деха Теркан областера Йуккъера тӏеман отдел. Кхузарчу хьолах лаьцна айса регулярно областан эскарийн командующега, цуьнан локхалле инарла-лейтенанте Лорис-Меликовга донесенеш йеллехь а, амма хьан локхаллин лаамна жоп луш, кӏеззиг дерг а кӏел ца дуьтуш, дуьйцур ду ас…
Инарла-майорна Кундуховна уллохь ӏен 77-чу Тенгински полкан къона командир, флигель-адъютант полковник эла Николай Иванович Святополк-Мирский резавоцуш дӏасахьаьвзира. Цунна дика бевзара къамелна тӏера гуьржий. Хӏара эла хӏинца вахлур ву, цкъа аьлларг йух-йуха а олуш. Ткъа Николай Ивановична йиллина хан йу Лорис-Меликовн кхаа йоӏах жимачуьнца цхьаьнакхета. Хӏинца кхозлагӏа гинера цунна хӏетта дузадоьлла дуткъа дегӏ долуш, оьрсийн а, кавказски а цӏий ийна, ӏаьржачу аматахь, горга йуьхь-марш а, ховха балдаш а, халла хаалуш буткъа сеттина хаза мара а, ши седа санна, богуш ӏаьржа бӏаьргаш болу и самукъане йоӏ. Хӏинца а лерехь декара и шиъ сийсара балехь цхьаьна хелхадуьйлуш