Шаьш йоцуш бисина а хаац, йа вай кхаба кӏордийна а хаац, уьш а йухабевлла. Шайн ницкъ кхачахь, цара вайгара а йаккха, вешан кайаьлларг вай а схьайадор йу. Йиначун йац гӏала, йаьккхинчун йу!
Мовлас аьллачунна резавоцуш корта а хьовзийна, вистхилира хӏетталц тийна ӏийна ӏела.
– Дера, ду, Мовла, ахь къобалдийриг а вайн вон цӏе йоккхуьйту йолу гӏуллакх. Вай-м къуй даций, тӏемалой ду. Вайн къомана тӏе эхь доуьйту талораш дечу наха.
– Иэхь? Иэхь, йахь, йуьхь йолуш адамаш вай хьанна хета?
– Хьуна-м, дера, моьтту, ӏела, и талораш наха хазахета до. Мацалла дала-м ца деза вай? Дукха садитти, тоьур ду хӏинца. Цӏахь оьрсийн ӏедало хьийзий, кхузахь туркойн ӏедало хьийзадо. Дависарг-йаӏ, сайна кхузашха схьаван хаздина нах шаьлтанца боруш охьабахкарх ӏебар вацара со!
– Делхьа, дийцира цара-м, кхузахь вайна кийчча лаьтташ йалсамани йу бохуш!
– Соьга ладогӏийша цкъа. И ас буьйцу Нуркиший, Шахьболаттий, тхан лерехь и зурма лоькхуш, тхуна схьадахка а хаздина, шаьш цӏахь ма севци!
– Тхан йуьртара ӏуспанан Сайдуллий, шелахойн Хьаьдаззий, майртуьпара Жанарӏелий а вара тхан агӏор оцу гӏуллакхна йукъ йихкина лелаш, – элира гиххочо. – Амма уьш, тхоьца схьа а баьхкина, шайн вархӏе дена цагинарг хилла, кхузахь, элий санна, баха хевшина.
– Ворданан дена товчу агӏор илли ала хаьа царна. Молланийн, наибийн гӏуллакх Шемал волуш а дацара вон, ткъа паччахь веача, кхин а тоделира. Делора, карий царна шайн ирс кхуза баьхкича а. Молла Шахьби го суна наггахь туркойн йуьртахь. Ӏаж санна, йогу беснеш, тӏехула бугӏанийн ворда хьовзайалла стомма ворта, иссалгӏа бутт бохьуш йогӏучу пхора зудчун санна, гай. Оцу дайл а боккхачу коьртах исс дол йеха чалба а хьарчийна, пхи бӏе суьлхьа кара а лаьцна, бекана улло волий лелаш хуьлу иза. Вай-м хьехор дацара, тӏе, шен сакхат ваша а дӏа ма тесна цо.
– Велла, ца боху, и миска?
– Шахьбис мацалла вийна-кх!
– Шайн дена бархӏ са болу неӏалт хуьлийла церан! Къуръан тӏера ши элп а ӏамийна, шаьш молланаш ду, оха бохург Дала аьлла ду бохуш, цара ӏехош, дехи вай-м кху хьола тӏе.
– Иштта ма алал ахь, Мовла. Берриг молланаш бац ахь ма-буьйццу, – эккхийтира Макхална уллохь ӏачу Мӏаьчига.
– Бац, дера-кх. Цхьаберш – цӏагара, вуьш – дирша бу уьш! –