жимма ӏийча, тӏетуьйхира цо. – Цаьрца хьо вагарвац ас, Маккхал. Ахь дегабаам ма белахь.
– Сайгахь шунчул тӏехдаьлла хьекъал ду бохург дац сан, – аьлла, къамел долийра Маккхала. – ӏелас аьллачунна тӏера схьадоладелла хӏара къамел. Нийса ала ца хаахь а, цхьаъ ала гӏерта иза. Гӏийлачу стагана зуламдар ца магадо йа шарӏо а, йа вайн гӏиллакхо а. Талораша вайна херадоккху кхузара адам. Шу Мушана тӏелатталц, кхузахь бехачу наха, къаьсттина эрмалоша, дика гӏо лоцура вайнехан. Хӏинца уьш а гӏакхбевлла. Шайн карайеанарг тоххара кхаьллина девлла шу, оцу дийннахьехь. Цо лечуьра ваьккхина стаг вац, амма цул тӏаьхьа кхузарчу къаьмнашкара гӏо а хаьдда, мацалла белларш дукха бу.
– Делла дала цара вайна де гӏо!
– Сила долу хӏара меца адам цара даош-малош, дустош кхобур ду-м, ца моьттура хьуна?
– Валлахӏ, ва биллахӏ, цара дика са ма детта, – шен къамел дора Маккхала. – Хӏара тогӏи дӏалаьцна охьахевшина вай. Шаьш тӏенисбелла хӏума схьаоьцу вайнаха, иза шен ворхӏе а дех йисича санна. Кхин хӏумма а ца хилча, кхуза вайн гулдалар тоьур дара уьш собарх баха. Собар ца хили шуьгахь. Сатоха дезара, собар хила дезара. Аьрзугӏар цӏа берзийта, тӏаккха хуур вайна дан дезарг. Вешан къомах чекх са ма гайта вай, оьздангаллех ма доха вай, бехира. Ла ца дуьйгӏи-кх.
– Э, Маккхал, гай мацйелча, оьздангалла йицлуш хиллера. Мацалло дохадо дерриг. Мацалла лечул-м, летта валар гӏоли йай.
Маккхале ладоьгӏуш ӏийначу Къосаман аьрру бесни йего йуьйлира, чу цӏий доьссина, цӏийбелира бӏаьрг. Цунна мохайаран йа халахетаран билгало йара иза.
– Ахь хӏун дай, Маккхал, суна и туьйра ма дийцалахь, – элира цо эххар а. – Оцу наха дийцинчу туьйранаша ӏехийна, винчу махках а, дуьненан ирсах а хадийна, кхуза кхоьссина со. Гӏаж санна, хьайн дегӏаца цхьалха волчу хьуний, ӏелиний атта ду оьзда лела. Сан санна, мацалла багош гӏаттийна, кийрара ӏаь ца йолуш, ӏохкуш йалх чӏевне йац шун. Делахь, дерриш мацалла ле вай? Ваьш ӏехийначарна хастам кхайкхабей вай? Вай-м кхоччуш ӏехийний! Вай хӏаллакдан а, махкахдаха а, мацалла дайъа а мега, ткъа ас, диъ делча, дисина сайн ши бер мацалла ца далийта, сискалан йуьхк йаккха ца мега?
1. Хьозанан тайпа