– Вайна и хуу-м дукха хан, дера, йара, – чам байна корта хьовзийра Аьрзус.
– Кхуьуш вуйла хаьара. Амма оццул дукха вуйла ца хаьара. Ткъа иза дебаш хилла-кх. Вон хӏу сиха ма деба.
«Цо и хьовр-зӏовр йичахьана, ӏедал гуттар чӏагӏделла, марсадаьлла вайца. Цхьажимма а шаьш шекдолу стаг чувуллу. Тозина цкъа ирхъолла кхел кхайкхийра, йуха а берриш Сибрех хьовсий уьш. Хорачошкара хӏор а кӏуьран цӏарах цхьацца туьма гӏуда даьккхи, элистанжой Теркйисте кхалхий. Тозас вовшахтоьхнарг тӏаьхьало йолуш хӏума доццушехь, кхераделлачу ӏедало Хорачу дукха эскар теттира.
Шуна дагадогӏу-кх дӏадаханчу шарахь Шелахь нах бойъуш мел дика хьаьвзира Чермин Орца, Мустапан Девлатмирза, Вахӏабан ӏоду; молланаш Хордин ӏабдулкъедар, Исламан Идаг, ӏабдуллин Мустап, Боьршикан Махьмуд. Хӏетахь цаьрца цхьаьна оьрсийн ӏедална гӏо деш бара Шелара а, гонахарчу йарташкара а совдегарш – ӏедална йохкайелла хьакхарчий. Хӏинца а йерриг Нохчийчуьра даххаш шена тӏе а гулдина, церан куьйга Тозин тоба йохийра ӏедало. Кхузахь хӏинца а каде хьаьвзира Мустапан Девлатмирза, Жукин Дуба, Шаммирзин Бота, гендарганойн Момин Хьоту, гӏордалойн Ойшин Чомакх, молланаш: Кужин Бача, Хадун Арсункъа…»
– Хьий, Делан мостагӏий, йаӏ! – оьгӏазе мохь белира Аьрзуга.
«…Хьоту а, Чомакх а, Бача а, Арсункъа а чинехь лакхаваккха, совгӏат дала Петербухе хьалавелла, боху…»
– Заддаш-йаӏ, заддаш!
«…Кхин керла хӏун ду аьлча, кху шарахь тӏаьххьара кхелха нах новкъа бевллачу буса инзаре чӏогӏа мохк бегийра вайн кхузахь. Уггар чӏогӏа иза бегийра Веданна гонаха. Хилла зенаш даккхий дац. Ӏеламнаха шина тайпана дуьйцу. Цхьаболчара боху, ша дӏа а тесна нах махкахбийлар ца лайна, бегийна иза, вукхара боху, хӏокху лаьтта тӏехь керстанан ӏедална кӏел севццачу нехан къина бегийна иза, цаьрга, кхузара дӏа а довлий, бусалба дин маьрша долчу Хонкара дӏадаха дезар хоуьйтуш. Ткъа соьга хаьттича, вайн дакъазалла, хӏара ӏаьржа латта бух ца дуьйлуш, сийна стигланаш тӏе ца йоьлхуш а дика йуьсу. Суна хаьа, шуьшиъ цигахь цхьаъ галдаьлла ӏойла. Цунна сагатделла, хӏара кӏант шуна тӏаьхьавоуьйту ас.