Нагахь шаьш цигахь кхин а хьелур делахь, хӏара сихонца йухахьажаве, тхоьга ала дезарг дийций. Нах цига дӏагӏерта, ткъа тхуна хаац царна хӏун дан деза. Хӏунда вогӏу-м хаац, Калакахь волу паччахьан ваша Нохчийчу вогӏу бохуш, хабар ду. Иза тӏеэца кечлуш бу кхузара хьаькамаш. Цхьаболчара дикане догдоху, амма, суна хетарехь, и варо тодан хӏума дац, галдаккхар бен.
Тхоьгара массаьргара маршалла ду Чоре, ӏеле, даймахках бевллачу вайн декъазчу муъма вежаршка а.
Вайн везачу Дала къинхетам бойла царах а, вай массарех а.
Хӏара кехат йаздина Бенарчу Турин Солумгерин кӏанта Солтамурда, 1285-чу шеран раджаб беттан 18-чу дийнахь».
– Хӏаъ, чалх йина Тозас, – доккха садаьккхира Маккхала, дешна ваьлла кехат дӏа а хьарчош. – Ас олура Солтамурде, и стаг йукъа ма ийзаве, цо, цхьа хьаштдоццург дина, гӏуллакх галдоккхур ду вайн. Эххар дӏа-м хервира цо иза, амма тӏаьхьа дара-кх.
– Деналха, ахь дийцахьа тхуна оцу гӏуртах лаций, – дийхира Аьрзус хьеше.
Когаш чучча а боьхкина ӏен Деналха, дехха къамел дан ойла хилла, ши ког Аьрзуна тӏехьахула дӏа а хецна, паргӏатвелира.
– Бехк ма биллалаш суна, кӏадйелла лозу сан настарш, – бехкалвахара иза. – Тоза имам ваьллийла хиъначу Веданарчу полконако иза лаца масех дошлочуьнца Хорачу хьажийра цкъа Момин Хьоту, тӏаккха Ойшин Чомакх. Уьш цига кхочуш, хӏетта дӏакхаьчна со а вара бухахь. Цигахь йерг хӏун чалх йу а хьажий, хабар дан аьлла Солтамурда вахийтина. Чомакха хаьттира цуьнга, ахь хӏун леладо, хӏара адам хӏунда ӏехадо ахь аьлла.
– Стохка со цомгаш ӏуьллучу хенахь Далла тӏе стигала хьалаваьхьира со, – жоп делира Тозас. – Цигахь Жабраил-малик а, Мухьаммад пайхамар а, устаз Киши-Хьаьжа а тешаш болуш, Дала омра дира, со имам хӏоттово ша аьлла.
– Цхьана а пайхамарна а, эвлайаана а ца вайна Дела хьуна муха го? – човхийра иза Чомакхца веанчу цӏонтаройн моллас Хадун Арсункъас. – Хьерваьлла хьо? Саметтахь хилча, ахь дуьйцур дацара и сонта хабарш. Соьга сайн белш тӏехь и лам айъалуш а, айхьа дагалаьцнарг кхочушдан хьан ницкъ кхочур бац. Цул и сонталла а йитий, хьаькамаша бохург деш ӏе. Гӏуллакх генадалале, Ведана полковникна тӏегӏо. Цо гечдийр ду хьуна ахь лелийнарг…
1. Калаки - Нохчийх Тифлисан цӏе.