Арсункъас аьллачо оьгӏазвахийтинчу Тозас, терхи тӏехь ӏуьллу баьццара байракх катоьхна схьа а эцна, цуьнан мера кӏел ӏоьттира:
– Хӏара байракх Дала йаийтина суна! Хӏара йаийтинчо имам хила аьлла соьга. Делан а, Пайхамаран а омра кхочушдан деза ас. Ткъа ахь соьга, керста хьаькамашна хьалха йухавала, боху!
Ткъа пурхахь а, корашкахь а лаьттачу наха маьхьарий деттара, Тоза шайн имам ву бохуш. Цӏа чуьра арайаьккхина байракх кертахь дӏатуьйхира. Шолгӏачу дийнахь цига кхо бӏе гергга стаг гулвелира герзах воьттина. Оццул адам шен кертахь гича, Тоза, ара а ваьлла, говра хиира. Массарна а моьттура иза Ведана полковникна тӏеваха воллу. Адам дуьхьалделира цунна. Карзахбевллачу наха тоьпаш йеттара Чомакхца баьхкинчарна тӏехула. Тозин вашас Кебас Тозе элира, ша и Ведана вохуьйтур вац, цигахь и верна кхерам бу. Нахалахь гӏовгӏанаш йевлира. «Хьо мича воьду? Цара вуьйр ву хьо!» – бохура цхьаболчара, вешан гӏазот хӏокху хьакхарчашна, Чомакхгӏарна, тӏера дӏадоло деза, кхечара бохура. Царах кхеравелла Чомакх, шен нах эцна, ведда дӏавахара. Чомакх дӏавахча, эскарш догӏур дуйла хиъна, Тоза йурт чӏагӏйан вуьйлира. Гонаха ха хӏоттийра, некъашка кӏелонаш тийсира, шен мурд веш виъ стаг шена улло хӏоттийра. Тӏаккха, кӏайн чоа а дуьйхина, коьртах чалба а хьарчийна, кара суьлхьанаш а лаьцна, шайн цӏенош тӏе а ваьлла, нахе къамел дира цо.
– Йуьртахой! – кхайкхира иза. – Шух тешна, аш бохург а дина, имам ваьлла со. Хӏетте а, Ойшин зуд гучудаьлча, дикка йуьртахой шайн доьзалшца бевдда къайлабевллийла хаьа суна. Цхьаберш шина даггахь буй а хаьа суна. Амма хаа ду шуна, нагахь аш суна гӏо ца до-кх, сайна гӏоьнчий суна Кхеташ-Коьртахь карор бу. Делан ницкъаца, церан гӏоьнца сох имам хир ву, тӏаккха ас хьукма дийр ду тахана сайна тӏаьхьа ца хӏиттинчу нахана.
И къамел диначул тӏаьхьа Хорачуьра араваьлла Тоза Кхеташ-Коьртехьа дӏаволавелира. Цунна тӏаьхьа масех бӏе стаг вара хьалха лаьцна баьццара байракх а йолуш. Генабовлале царах дӏакхийтира Эластанжарий, Хойрарий охьабогӏу ши бӏо. Амма Кхеташ-Коьртехь хӏокхарна кӏелхиъна ӏаш Чомакх вара, гонахарчу йарташкара таронаш йол-йолу нах тӏе а озийна, шен бӏо а стамбина. Тозина дуьхьал къеда Кӏужин Бача ваийтира Чомакха, кху лома ма гӏерта, шайн-шайн цӏа дӏасадекъало аьлла.