къеждала доьлла кортий, мажжий.
Йуург йиъна, цхьацца стака чай а мелла, шаьшшиъ паргӏатваьлча, хӏусамдена баркалла а аьлла, шайн гӏуллакх дийца вуьйлира ши хьаша.
– Господин эпсар, тхо Муша уллера схьадаьхкина.
– Муша уллера? – цецвелира Зеленый.
– Хӏаъ, господин эпсар.
– Лаа биний аш и гена некъ?
Сийна бӏаьргаш болчо корта хьовзийра.
– Лаа догӏур дуй ткъа цигара дуьйна? Бохамо арадаьхна тхо, господин эпсар. Бохамаша бӏарздина, махках девлла тхо, хӏинца кхузахь иза эз-эзарза садаьлла. Оха дийца ца оьшуш, хьуна гуш ду-кх тхоьга хӏоьттинарг. Тхан жайнаша дуьйцу, мацца а цкъа цхьана эхартан заманахь къемат-де хӏуттур ду бохуш. И къемат-де тхуна хӏоьттина-кх.
Нохчочо дуьйцучунна тӏетовш, корта теӏабора капитано.
– Адамца хьагӏ, мостагӏалла доцуш, шайн лаьмнашкахь, аренашкахь машаре бехара тхан дай. Тӏаккха тхан лула, Теркан раьгӏнашка, баьхкина, баха охьахевшира гӏазкхий. Вежарий санна, бертахь бехара уьш а, тхан дай а. Вовшийн чу-каре а йолуш, вовшашка лерам а болуш, вовшашна дика хилча, хаза а хеташ, бохам беъча, хала а хеташ. Амма, тхо а, тхан дай а, церан дай а дуьнен чу а бовлале, тӏамца тхан махка даьхкира оьрсийн эскарш. Хӏетахь дуьйна мостагӏалла доллу тхан махкахь. Кӏез-кӏезиг йулуш, херо йуьйлира, тӏаккха мостагӏалла дуьйлира тхуний, гӏазкхашний йуккъе. Тхешан мохк, доьзалш, синош лардан тхо гӏерташ, уьш тхоьгара дӏадаха шу гӏерташ, кху тӏаьххьарчу дезткъа шарахь хаддаза вовшийн цӏий ӏенийра шун а, тхан а къаьмнаша. Хьуна баккъал дерг хаа лаахь, шуьниг а ду декъаза къам. Россехь йийсарехь кӏеззиг хан йоккхуш суна хиъна иза мел доккхачу ӏазапехь, харцонехь доллу, цунна тӏом ца оьшийла. Мухха делахь а, цӏий ӏена-кх. Бехкеверг Далла го. Къам доккха, ницкъ алсам хиларна, шу туьйли. Кӏезиг, гӏорасиз долу тхо эшна.
Шаьлтанан макъара тӏе ка а диллина, тӏулгах воьттича санна, вист ца хуьлуш хиъна ӏачу вукху нохчочун кийрара узам болуш санна хийтира капитанна.
– Тхо эшна, – къамел дора сийна бӏаьргаш болчо. – Нийсса ах тхо хӏаллакдина, тхоьгара мохк а, маршо а дӏайаьккхи аш. Латта доцуш дисина тхан къам ирчачу хьоле дуьйжира. Нагахь хьо Нохчийчохь хиллехь, хьуна гина хир ду дерзина тхан