бераш, тӏелхигаш кхоьхкина лела баккхийниш. Цу тӏе, аш тхан коча ӏиттира шайн ӏедал, гӏиллакхаш, хьоьшура тхан дин. Оцу йуккъехула эладита даьржира, кестта нохчашкара герз дӏаоьцу, керста дине берзабо, Сибрех кхалхабо уьш аьлла. Кхечара эладита айъира, туркойн паччахьо тхо дӏа а доьху, цигахь тхуна къастийна дика мохк а бу, Дала а делла, цига дӏаваха луучунна оьрсийн паччахьо бакъо а ло, Кундухин Алхазан Мусий, ӏуспанан Сайдуллий шайца богӏурш эцна, цига кхелхаш ву аьлла. Оцу шина стага а бохура, и дерриг бакъ ду. Нахана хьалха кхо некъ хӏуьттура: йа даймахкахь мацалла хьегар, эххар а керстанаш хуьлуш; йа оьрсийн ӏедалх летта хӏаллакьхилар; йа кхуза, туркойн махка, схьакхалхар. Цхьаберш тӏаьххьарчу новкъа бевлира. Кхузахь мукъа а маршой, сискаллий карор йацара-те аьлла. Ткъа уьш мел чӏогӏа гӏалатбевлла гуш ду-кх. Кундуховс а, Сайдуллас а ӏехийна тхо. Туркоша тхуна къастийна боху мохк йекха, даьсса, дерзина гунаш ду. Цига дахча, тхо делла дӏадевриг хиларан шеко йац. Нахана лаац цига баха…
Шен къамел сацийна, дакъаделлачу балдех мотт хьаькхна, дӏасахьаьжира нохчо. Схьахетарехь, хала дара цунна шаьш хьегна ӏазап далхо, шайн эшамна къера хила. Стоьла тӏехь бошхепахь лаьттачу графинара доьттина стаки чохь хи дӏакховдийра цуьнга Александра Семеновича. Жима ши къурд бина, стака стоьла тӏе охьа а хӏоттийна, шен къамел диссинчуьра дӏадолийра нохчочо:
– Нахана лаац цига баха, господин эпсар. Уьш хӏинца кхетта махкахдовларца шаьш далийтинчу гӏалатах. Нагахь Диарбекирна дехьа къастийначу махка дӏагӏахь, цигахь а лийр ду тхо. Мушехь дисахь а, лийр ду. Малхо доттуш, догӏанаша лийчош, тхо цигахь лаьтта масех бутт бу. Хӏинца тӏегӏерташ йочане гуьйре йу, цунна тӏаьххье, борз санна, ӏа догӏу. Ткъа тхан кӏелхӏитта хӏусамаш йац, кийра бузо хӏума дац. Шайна йолах эскаре хӏитта, боху тхоьга туркоша, шайн лолле дерза. Иза дан тхуна лаац. Нагахь хӏара ӏа дӏадаллалц мукъана а кху Мушаний, Ванний, Къарсаний гонаха дӏатардича, бӏаьсте йаьлча цхьа Дала дайттинарг дийр дара оха. Тхо цигахь совцийта дуьхьал ву, боху, шун паччахь. Цхьа кӏира хьалха шеца кхо эзар дошло волуш Муше веара инарла Эмин-паша.