Амма ӏелиний, Эсетаний ца хезара йуьйлу йаккхий тоьпаш, тӏемалойн буьрса маьхьарий, къеначу нехан и бӏаьхаллин илли, зударша хьоькху цӏогӏа, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш.
Ӏелас а, Эсета а, цхьаъ – коьрте, важа – когашка а даьлла, маракъуьйлура лен чов хилла Аьрзу. И гондӏа хуьлуш дерг гӏенах долуш санна, стигал къекъаш, гонаха дохк хӏуьттуш хийтира цаьршинна…
Дозанехь хиллачу оцу гӏуллакхах лаьцна Александр Петровича шега делла рапорт а дешна, цунна тӏе сихачу хотӏаца йоцца резолюци йазйира Воккхачу Эло Михаила:
«Суна ӏаламат халахета цигахь цӏийӏанор, новкъа ду и ца ӏанийта сайн ницкъцакхачар. Сайна даго хьоьххург дан сайн бакъо хиллехьара, и декъаза нохчий, цхьана минотана а ца сецош, вайн махка буьтур бара ас…»
Шалго бара Михаил Николаевичан мотт. Лаьхьанан санна. Цуьнан цхьана генаца моз дуттура цо, вукхуьнца дӏовш деттара. Тӏаьхьо тӏеман министре Милютине шен рапорт тӏехь йаздира цо:
«…Оцу йуккъехула, дӏабаханчу октябран 17-чу дийнахь Александропола улло, Арпачай, вайн дозане кхечира кхелхина баханчу нохчех 200 стаг. Вай бохург хӏуъу дан реза хир дара, махка дерзийтахьара шаьш бохуш. Царна тӏаьххье Арпачай оьхучийн барам 2600 хьалабелира.
Нохчий вайн дозане буьйлабеллийла хиъначу эрзерумски велис, кхелхинарш йухаберзабе аьлла, дошлошца Муса Кундухов царна тӏаьхьавахийтира, амма цуьнга уьш ца совцабелира. Кхелхина баьхкинарш мел халачу хьолехь хиллехь а, царах масех доьзал йухаберзийтаро цигахь бисина берриг нохчий йуханехьа буьйлаболуьйтург хилар гучу ас, кхелхинчийн дехар йуха а тоьхна, омра дира, дозанна тӏехь чӏогӏа тергам а латтабе, нохчий бертаза империн махка тӏе ца бовлийта, оцу агӏор долу дерриг а вайн эскарийн дакъош Арпачайна тӏе а оза аьлла. Нохчийн тобанаш вайн дозанашка ехар шена ма-хеззинехь, капитано Зеленыйс эрзерумски велига дӏахьедира кӏира далале вайн доза нохчех цӏандина хила дезар; и дӏахьедар диначул тӏаьхьа туркойн ӏедало эскарш дахийтира Арпачайра нохчий дӏабаха. Цара, тӏе йаккхий тоьпаш а тоьхна, цигара йухабаьхна нохчий, гонах туркойн эскарийн ха а хӏоттийна, Къарсе дӏабигира…»